ТIедогIучу пIераскан дийнахь Нидерландийн коьртачу гIалахь исторехь дуьххьара ламазе кхойкхуш азан декаш хезар ду маьждигера. Амстердамерчу Блауве Маьждиган (Blauwe Moskee) аьтто баьлла иза дан бакъо яккха, меттигера Iедалш цунна дуьхьал ойла йолуш хиллехь а, хаам бо NL Times газето.
Хьалхо Амстердаман мэро Халсема Фемкес дIахьединера 21-чу бIешарахь оьшуш хIума дац ламазе кхийкха ширачу заманахь иза деш ма хиллара, азанан функци йолчу мобилан программех пайда эца аьто а болуш аьлла.
ГIалиннанас динчу хьехаро цецбаьхнера меттигерчу бусалба юкъараллан декъашхой. Мухха делахь а, Нидерландийн низамашца бусалба нехан азан цхьатерра статус йолуш ду, цунах тераниг долчу кIирандийнахь декачу килсан горгалин зовца, ткъа иза дихкина дац пачхьалкхан тIегIантIехь.
Лелачу низамо ма бохху, Блауве Маьждиган аьтто баьлла азан хазийта радиокад чухула. Оршотан дийнахь лерринчу фирмано аудиосистема хIоттийна маьждигехь, азанан чIагIалла а юстуш, гIовгIан тIегIа барамашца догIуш хилийта.
Цу маьждиган имамо Эльфуркани Яссина дийцарехь, ламазе кхойкхуш пIераскан дийнахь азан декаро юьхь юьллур ю керлачуу ламастан, ткъа цо мелла а гуш дийр ду ислам, цунах меттигера бахархой болуьйтуш.
"Тхо цхьана а стагана юкъахь питана таса гIерташ дац, амма тхуна лаьа исламан ламасташ норма а хилла дIахIиттийта", - билгалдаьккхина бусалбанийн хьалханчо.