Материалан автор Магомедов Закир - "Кавказ.Реалии"
"Къам бехдина". "Хьо гIалгIа ю ма бахалахь". "ГIиллакхаш дицдина"... Социалан машанашкахь бехкаш даьхна ГIалгIайчуьрчу 18 шо долчу Ханиева Рагдера, "Голос" проектехь лела цахаарна.
"Голос" проектехь йиш лекхира Ханиевас. Букътоьхна шега ладоьгIначу жюрин декъашхойх "Ленинград" группан куьйгалхо Шнуров Сергей къастийра цо, кхин дIа конкурсан турехь дакъалоцуш шен хьехамча веш цунах. Иза декъалъеш, цуьнан куьг лаьцнера Шнуровс, ткъа дуьхьалваьлла артист Сюткин Валерий а, продюсер Меладзе Константин а маракхийтира йоIна.
Рагдин махкахошна дукха дара кхузахь цатайнарг: нехан божарех иза хьакхаялар, гIалгIайн зударшна мегаш доццушехь, хеча йоьхна, коьртахь йовлакх а доцуш иза сцени тIе ялар а, шен иллешкахь маьттаза дешнаш лелош волу Шнуров цо къастор а.
"Хьан дас а, нанас а хьехарш ца динера хьуна, хийрачу божаршна мараеттаяла ца мега аьлла?", - эргIадоьху Ханиеван агIон тIехь @donya_donia35 ник лелориг.
"Хьайн лексиконера гIалгIа боху дош дIадаккхалахь", аьлла, тIедожийна @ingush_di_hon-а.
И доллу бехкаш йоьIан "Инстаграмерчу" аккаунтехь а, YouTube-хь яржийначу ролика бухахь а карон йиш ю.
ХIаъ, бу царлахь ишта-м Рагдехьа гIо дохурш а. Делахь а, алсам хаало царлахь дера комментареш юьтурш. "Кавказ.Реалиис" тергам барца, тIаьхьо шен пена тIера шога комментареш дIаехира Рагдас.
"Москвахь еха гIалгIа, кхоллараллехь къахьоьгуш ю, царна и ца тов. Уьш дIабоьлла, зударий даим а ширачу форматехь гуш хиларх. Коьрта ламасташ ас лардо. Делахь а, сан дас а, нанас а могуьйту суна, цара маршо елла суна, болх бан а, деша а, сайна оьшург къастон а. И ду суна коьрта", - аьлла Ханиевас "360" канална еллачу интервьюхь.
ХIора адаман бакъо ю шена товриг харжа, ткъа Рагдас а, цуьнан дас, нанас а шайн къастам бина аьлла, "Кавказ.Реалиига" дIахьедира гIалгIайн бакъонашларъярхочо Муцольгов Мохьмада.
"Царна хаьара, оцу харжамна дуккхаъ махкахой реза хир боцийла. Делахь а, суна цкъа а нийса ца хета, муьлхха а стаг сийсазвар. Товш цахиларал совнах, аьшнашво и ша боьха мотт лебийриг а. ХIора бусулбачунна хаа дезаш ду шайн динан бакъонех. ХIаъ, динехь мегаш дац нехан зудчунна тIекховда. Ишта ю сан ойла а. Билгалдаккха лаьа, Далла гергахь хIораммо а ша шех жоп лур ду, ткъа къинош доцуш цхьа а вац", - аьлла Муцольговс.
"Хьашт мел доцург а дуьйцуш, шайн хьажам бовзийтар товш ду аьлла царна хеташ делахь, уьш харц бу ала лаьа суна. Мел а хьал кхин тIе а дардо цара. Шайн мехаллаш а, шайна хетарш а лара луучунна хаа деза, адамаш кеп-кепара хила йиш йолуш дуйла а. Ницкъ хуьлда Рагдин, къар а ма лойла иза. Со тешна ю, шен исбаьхьчу озаца, толамашца цо вайна дуккха а хазахетарш дохьур ду аьлла", - билгалдаьккхина Наьсарарчу "Развитие" цIе йолчу ресурсийн центран юкъаралхочо Ахильгова Джанетас.
"Кхеташ ду, моттаргIанчашна карор ду кочаваха бахьана, амма кху тайпа шогалла а, хейт а - еккъа катастрофа ю", - бохуш, оьгIазоьху "Что хочу сказать, Мадо" олучу гIалгIайн Телеграм-каналан администратор.
"ХIокху иккхинчу гIовгIанехь суна хеза "эхь ду хIара", "къам делла" бохуш, ларамечу, Iилма долчу нехан цIогIадеттар. Суна къа хета вайн къомах, куьг лаьцнера, маракхеттера аьлла, цуьнан сий довш делахь. ХIинццалц зуда цхьана хIуманан меха цахетаро, берашна тIехь къизаллаш лелоро, наркоманино, къоьлло вай хIаллак ца динехь, со тешна ю, оцу чохь массарна а Рагдас убанаш яьхча а, духур дацара дуьне а, къам а", - аьлла йоIа "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь.
"ХIун эр дара ас, дин а, ламасташ а къуьйсучаьрга? Бехказъяккха шайн йиша. ХIусамехь ницкъбийраш, зуламхой, коррупци лелораш, динах байракх а йина, къепе йохон динан фанатикаш муха боху аш кIелхьара, уьш санна бехказъяккха Рагда а. ХIетте а уьш берриш а гIалгIай а, бусулбанаш а бу. Ткъа Рагда яц? Сан къоман уггар а хазачу векалех ю Рагда. ДогцIена, хьекъале, безаме, корматалле ю иза. ХIетте а цхьа цуьрриг а куралла йоцуш.
Суна хетарехь, иза санна цIена нах Далла дукхох беза, къайлехь хIуъа а деш, дегнаш боьха болчу нахел а", - аьлла, дерзийна шен къамел Телеграм-каналан администраторо.