ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дена етташ а гуш, собаре хила гIертар а ду Iазап


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт
Садовская Алёна

2008-чу шарахь Краснодар-махкарчу цхьана вахархочунна йиттира полисхоша, и Iазап лардеш цуьнан исс шо долу йоI латтара аьлла а доцуш. Гиначо лачбаьккхина беран кхетам, йоккха хилча а ца даьлла цуьнан иэс ирчачу суьртах мукъа – Европан кхеле а яьлла, цигахь тоьлла иза.

…Оцу дийнахь Тупсера вахархо шен йоI школера цIайига вахана машенахь. ЙоI машена чу яьлла, яланза а йолуш, тIехьалхинчу наха, когаш тIера охьа а вожийна, ирча йиттина цунна.

ТIаьхьа гучудаьлла цунах леттарш наркоманаш лоьцу полисхой хиллийла а, оцу стаганна иза наркотикаш юхкуш ву аьлла йиттина хилар а. Шена гIелояр кхеле делла цо, тоьлла цигахь, дIакъевлина цунна дуьхьал айдина хилла дов.

Дена бакъдерг ша толор тоаме хеттехь а, йоI Iадийначуьра метта ца йогIуш яьхна шерашкахь. Нах дех лета буьйлабелча, машена чуьра ара а иккхина, мохь хьекхна хилла цо. «Батт дIакъовла, яхийта машена чу хаа!» - тIечевхина цунна полисхойх цхьаъ. ЙоI машена чуьра дIа, хьал тергал а деш, сахаьдда йоьлхуш Iийна. ТIаьххьара а араиккхина, машен генна юьтуш, едда цхьана агIор дIаяхана иза. Гергарчу стага кара а йина, дIайигина.

«Иза хIинца а яц шена хиллачу хьунах меттаеана»

Дена етташ гина йоI йоккха хила йоьлча а ца ялаелла дагатуьйсучу хиламо шена тоьхначу лазарх – 2008-чу шарахь лоьраша хIоттийначу диагонозо боху, «цуьнан энурез (хьатI цасацар) дозу кхетам ирчачу дагалецамо галбаккхарца. Буса диллина вон гIенаш гуш, дийнахь нахах ийзалуш хьалакхиина йоI, хьалха дика доьшуш хиллехь а, дена етташ дайначул тIаьхьа йоьхна дешарх.

"ЙоI карарчу хенахь – иза хIинца йоккха хилла – доьшуш ю кхечу гIалахь, амма лазарх мукъа ца яьлла. Нахах дIа ца иэло иза, кхоьру хIинца а», - дуьйцу "Кавказ.Реалиига" «Iазапна дуьхьалояран комитетан» Краснодарерчу декъан куьйгалхочо Садовская Ольгас.

Кхечунна дечу таIзаре хьежийтар а ду таIзар

2008-чушарахь йоьIан гергарчара арздина прокуратуре йоьIан дена йиттинчу полисхойх лаьцна. Амма ца айдина прокурораша бехктакхаман дов кхузза дехар дича а.

2019-чу шарахь йоьIан цIарах цуьнан гергарнаш бевлла Европан кхеле, лурчах тIеэцна Страсбурго арз листа. Ткъа хIинца сацамбина оцу хьокъехь. Краснодар-махкарчу полисхоша стагна еттарца, тIехь Iазап латторца талхийна Европан конвенцин №3 артикл, боху сацамо. ЙоIанна дала кхачийна ахча ду 25 000 евро.

"ЙоьIан цIарах чуделлера арз. Дуьххьара ду Оьрсийчоьнца доьзна и тайпа сацам арабалар: гергарчу стагна зен деш гайтар а ду зен, боху Европан кхело», - боху Садовскаяс.

«Оьрсийчоьнан Iедалан векалш кIелхьаръяккха гIертара шайн пачхьалкх – зуламдарца шеконе воьжна стаг лоцучу муьрехь бер бац аьтто иза лоцуш, воьхкуш гергарчарна цагайта, бохура цара. Амма йоьIан да шен бераца школерчу барамехь а Iийна, цигара цуьнца дIавоьдуш хилла. Нагахь санна шаьш шек белахь, полисхоша стаг лоцуш ларъян езара бер уллехь доцу хан, шаьш бен къиза болх беранна гур боцу хан», - аьлла бу Европан кхелан сацаман бух, Садовскаяс дийцарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG