ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Блогеро Тилэкса бехк цабиллар дехна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга


Блогер Саша Тилэкс а, цуьнан накъост а
Блогер Саша Тилэкс а, цуьнан накъост а

"Успешная группа" (Кхиаме тоба) тобанан солисто, блогеро Смирнов Александара (изза ву Саша Тилэкс) бехк ца биллар дехна Кадыров Рамзанна пароди ярна. Цуьнан а, цуьнан накъостан а видеокхайкхам гучубаьлла интернетехь кхаарийн дийнахь, яздо Кавказ.Реалиино.

"Бехк ца биллар деха лууш ду тхо Нохчийн Республикан куьйгалхочуьнга, Оьрсийчоьнан турпалхочуьнга Кадыров Рамзан Ахматовиче а, дерриг а нохчийн халкъе а пародин ролик яккхарна", - болабо шайн кхайкхам жимачу наха.

"Контракт" клипан сюжетехь рэперо Тиматис гIо доьху Кадыров Рамзане, Black Star компаница проблема эккхар бахьана долуш: артистех цхьа а лууш вац цуьнца кхин дIа болх бан(тIьахьарчу хенахь дуккха а музыканташ девнашца дIабоьлхуш бу Black Star продюсеран компанера, масала, Kristina Si, L'One, Егор Крид). Пародехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIайоккху и проблема, Black Star-ца контакташ яйта эшаршлакхархошна кхерамаш а тосуш.

Дийцарехь, шаьш галдевлла хилар хиъна пародиярхошна, царца зIене ваьллачу ЧГТРК "Грозный" телеканалан директоро Дудаев Ахьмада шайна кхетам белча.

"ГIалат далийтина хиларх кхета шаьш, дуьненан масштабехь къонаха волчу Кадыров Рамзан Ахматовича дакъалоцу пародин ролик а яьккхина", - боху хIинца цуьнан авторо, шаьш нохчийн ламасташ лоруш хилар а чIагIдеш.

Карарчу хенахь клип дIаяьккхина Тилэксан YouTube-каналера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG