ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайна йогIург яьккхина


Дагестанера Временный цIе йолу меттиг
Дагестанера Временный цIе йолу меттиг

Дагестанерчу Временный олучу эвларчу бахархошна компенсаци лур ю, 2014-чу шарахь лерина операци (КТО) дIахьочу хенахь церан хIусамашчуьра бохийначу бахамна дуьхьал. Шайн хIаллакйинчу гIишлойх а ахча даккха гIерта уьш.

Масийтта шерашкахь царна компенсацеш далийта гIерташ, къийсам латтийначу бакъонашларъяран "Мемориал" центро хаамбарехь, резерван фондера 58 миллион 300 эзар сом дIакхачор ду КТО-хь зенаш хиллачарна.

ХIусамашкара пхьегIаш а, тIедуху хIума а, кхиндерг а хIаллакдинчу 553 вахархочунна дIасадоькъур ду бIе-бIе эзар соьмаш. 50 эзар сом кхачор ду юкъ-кара хIусамаш йоьхначу 30 стагна.

"Мемориалан" адвокато Агальцова Маринас "Кавказ.Реалиига" дийцина, компенсаци яккха гIерта шаьш кхоазза хьаькамашна тIедахара аьлла. Шозза цхьацца бахьанаш а хьийзош, дуьхьалонаш йора шайна, ткъа 3-гIа тIедахар кхиаме хилира шайн аьлла.

Оцу эвлахь лерина операци дIахьочу заманчохь хIаллакдинчу цIенойх Iедалхошкара бахархошна ахча даккха хьийза хIинца бакъонашларъяран организаци.

"Компенсацеш йогIучу нехан тептар ца хIотточу кIоштан администрацина латкъамбира оха кхеле. Унцукулерчу кхело бакъдина, администрацино билггал дан догIург деш цахилар. Дагестанан Лакхарчу кхеле а девллера тхо. Кхелаша тхоьгахьа оьзна. Кхелахойн сацам тхайн кара ма кхаччара, администраци а дахна, хаьттира хьо, шун кхин дIа хIун дан дагахь ду аьлла. Цхьа ах шо делира цара кIад ца деш", - дийцина Агальцовас.

Цо бахарехь, проблема хилира, цигара дукхахдолу цIенош пачхьалкхан реестрехь яздина цахиларна. Бахархоша шега дийцарехь, кIоштан администрацино зенаш хиллачийн тептарш хIиттийна аьлла, дийцина адвокато.

Временный олучу меттигерчу, шен цIе яккха ца лиъначу яхархочо дийцина, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана арздина шаьш, цара оцу меттигехь бехаш бацара аьлла, цхьаболу нах тептарера дIабахарна.

"Унцукулехь дIаязвина а волуш, Временный эвлахь вехачу стагна ахча ца догIу боху цара, цуьнан боллу бахам а, ков-керт а, машен а, дерриг а хIаллакхиллашехь. Шамилькалехь а, Буйнакскехь а бехаш бу аьлла, дIаязбина нах а бара царлахь. Министралло оцу нехан цIераш дIаяйинера кехаташ тIера. Ткъа низамашка диллича, бакъо яцара церан и дан. Миччахь а дIаязвина хила йиш ю оцу стеган, шена луъучохь ваха бакъо а ю", - аьлла, дийцина зудчо.

Цунна хиллачу зенна дуьхьал 320 эзар сом аьлла, мах хадийна комиссино.

"Кавказ.Реалиино" хьалхо хааме даьккхира, 2014-чу шеран Гезгмашин-беттан 18-чохь йолийна, Лахьан-беттан 26-чу дийне операци дIахьочу юкъанна, Временный олучу эвлара нах кхечу меттигашка дIакхалхорах. Ткъа юхабаьхкича, шайн хIусамаш йохийна карийнера царна. "Мемориало" яздира цу хенахь, цигахь деш къоланаш хиларх а, цхьана Iалашонца чуьра бахам хIаллакбеш хиларх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG