ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши пост хIоттийна Шелковски кIоштахь Дагестанан дозанца


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ши пост хIоттийна Шелковски кIоштахь Дагестанан дозанца Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Цунах лаьцна хаам бо ЧГТРК «Грозный» телеканало.

Цхьа шо хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар динера, Къилбаседа Кавказерчу республикашна юкъарчу дозанашкара блок-посташ дIаяха еза аьлла. Коьртачу декъана цо юьйцург яра ГIалгIайчоьнан а, ХIирийчоьнан а дозанца лаьттош йолу Черменан олу пост.

Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша яздарехь, Черменера пост хIоттийра 1975-чу шарахь. 1990-гIа шераш дуьйлалуш цунна елира федералан статус. Постана Iуналла деш Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралла ялахь а, цигахь лаьттарш бу хIирийн полисхой.

Черменера пост дIаяккхарх лаьцна хаттар айина масийттаза, амма иза дан аьтто ца баьлла тахана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG