ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьждигехь къола динчу стагана ахча юхадерзо хан елла ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Instagram-хь сурташ даьржина ГIалгIайчохь маьждигехь ахча лачкъийначу стеган. Цу постан авторо чIагIдарехь, къола дина Несар-Коьртахь. Цунах лаьцна хаам бо "Регион online" сайто.

"ХIокху сурта тIехь долчу "адамо" ахча лачкъийна жимачу баьццарчу маьждиган кассера… Ахча юхадерзо хан ю хьуна, Лахьана-беттан 19-гIа де чекхдаллалц. Цхьа а воцчу хенахь, хьой къола дан веана ма хиллара юха а волий, оццу кассана чукхосса юханехьа (ахча). Тхо хьовсур ду цу чу 20-хь, нагахь ахча ца хилахь Интернетехь видео гучуяларе хьоьжуш Iе", - яздина цу постан авторо.

И хаам бешначу наха яздо, къу къайлаваккха оьшуш дац, сихха цуьнан сурташ зорбане даха деза, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG