ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карабулакерчу маьждигера сейф лачкъийна воьду къу гучуваьлла видео тIехь (видео)


Гайтаман сурт

ГIалгIайн Республикан социалан машанехь хаам гучубаьлла маьждигехь рогIера къола дарх лаьцна. ХIинца зуламхо чуваьлларг ду Карабулакера маьждиг. Къу тIехь волу видео дIаязйина гонахарчу хьолана терго ечу камеро.

Видеона тIехь дика гуш ю цу стеган юьхь а, цо карахь хьуш йолу йоккха яьшка а.

Хьалхо «Регион online» сайто хаам бинера Несар-Корта боьдучу некъаца долчу маьждигера ахча даьхьна хиларх лаьцна. Цуьнца а догIуш, Instagram-хь сурташ даьржина маьждигехь ахча лачкъийначу стеган.

"ХIокху сурта тIехь долчу "адамо" ахча лачкъийна жимачу баьццарчу маьждиган кассера… Ахча юхадерзо хан ю хьуна, Лахьана-беттан 19-гIа де чекхдаллалц. Цхьа а воцчу хенахь, хьой къола дан веана ма хиллара юха а волий, оццу кассана чукхосса юханехьа (ахча). Тхо хьовсур ду цу чу 20-хь, нагахь ахча ца хилахь Интернетехь видео гучуяларе хьоьжуш Iе", - яздина цу постан авторо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG