ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицерчу хьаькамо Цакаевс «тапчан лаг озор» нийса дац, аьлла Пилипенко Юрийс


скриншот
скриншот

Устрада-ГIаларчу полицин куьйгалхочо Цакаев Iалихана, стаг кхетош-кхион гIертачул атта ду «тапчан лаг озийча» бахар – иза харцо ю, аьлла «Взгляд» («Хьажар») газетехула Адвокатийн федералан палатин президента, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу юкъараллин кхеташонан декъашхочо Пилипенко Юрийс.

Шена «чIогIа халахета» иза яздинарг «оццул лакхарчу даржера стаг хилар», билгалдаьккхина вевзаш волчу юристо.

скриншот
скриншот

Цакаевс шен Instagram-агIоне Стечкин-тапчин сурт хIоттийнера, «40 минотехь кхетош-кхиорхаьама ден къамел дацдо цкъа тапчан лаг озоро, ткъа тапча цкъа когах тоьхча, даиманенна а хийцало стеган кхетам», аьлла.

«Баха йиш яц иштаниг оццул доккха дарж шен карахь латточо. Иза эр ду ас. Кхиина ваьлла стаг ву иза, новкъа ду цо бохург», - дIахьедина Пилипенкос.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG