ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ибрагимов Азамат лоьху гергарчара


13-гIа де ду Канадера шен гергара нах болчу Соьлж-ГIала вахана, церан хIусамехь Iечу юкъанна Ибрагимов Азамат дIавигина. Иза лаьцна вигинарш Iедалхой хиларх шеко яц гергарчийн. Кадыровн Iедалехьа лаьттачу Инстаграмерчу Eldit_net агIоно видео арахецна Азамат лаьцна массех де даьлча, и видео цо шен лаамехь, ша яржош йолуш санна кеп а хIоттош. АстагI лелхаш го оцу чохь дегIаца цхьа а дерт доцуш дIавигина волу Ибрагимов. Ца гина иза ша лоьхучарна я вигинчу дийнал тIаьхьа а, я и видео яьржийначул тIаьхьа а. Маршо Радионо тергоне эцна Ибрагимов Азаматера хьал, лоьху алссам информаци.

XS
SM
MD
LG