ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Нохчашца церан латта ма къийса» баьхначу жигархочух Хадулаевх летта ХIинжа-ГIали юккъехь


Хадулаев Шемал (аьрру агIор дIа шолгIаниг)
Хадулаев Шемал (аьрру агIор дIа шолгIаниг)

Еарин дийнахь тIелатар дина ХIинжа-ГIалахь Дагестанерчу Iедалх йоцчу юкъараллийн кхеташонан куьйгалхочунна Хадулаев Шемална.

Цо ша дийцарехь, иза нисделла шахьаран коьртачу майданахь, мехкан Iедалан цIенна хьалха. «Могашалла ца талхийна, со кагван атта хир дац царна. Леташ, кIеззиг аьрташ лазийна, лоьрашка гIодеххал хIума дац», - элира Хадулаевс «Кавказ.Реалиига».

Шемална гарехь, цунна тIелеттарш бу цо массех бутт хьалха ГIизларахь Дагестананний, Нохчийчоьнанний доза билгалдоккху бIогIам бахьанехь иккхинчу инцидентехь нохчий бакъбар цатайнарш. ХIетахь, доза къовса арабевллачу жигархошна тIе Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а воьдуш, иккхинчу дар-дацарехь цо, шина мехкан доза лаьтта меттиг а гойтуш, элира шен махкахошка: «Нохчашца церан латта ма къийса, уьш бакъ бу». ХIетахь дуьйна цуьнца ийгIина бу Дагестанера цхьаболу жигархой.

«Суна духьал кхин а вониг а лелийна, ас айса луьстур ду хилларг, полице арздан лерина вац со», - хаамбира Хадулаев Шемала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG