ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Хьийза ца вира, манташ а яош кхебира». Схьакарийна Нохчийчохь вайна хилла Ибрагимов Азамат


Ибрагимов Азамат
Ибрагимов Азамат

Ши кIира хьалха, Канадера даймахка ваххарх, Соьлж-ГIалахь вайна хилла Ибрагимов Азамат «схьакарийна» «Грозный» телеканалан директоран, мехкан куьйгалхочун гIоьнчин Дудаев Ахьмадан белхан чоьнашкахь. Ибрагимов шеца Iаш видео яржийна Дудаевс пIераскана – «Маршо Радионо», и стаг вайна аьлла, орца кхайкхийначу шолгIачу дийнахь.

Дудаев ша вац видео чохь, амма иза ву дуьйцуш верг, гарехь: "Азамат хьокху метта хиина Iаш ву-кх, цхьамма дас шех куьг Iоьттина дац, бах, хьийзийна вац, бах. ДIаваха дагахь а вац ша, бах. Балха а вахана, цIахь Iийр ву ша, боху».

Дечу къамелна юкъа шен дешнаш дуьхку Ибрагимовс а. Ша дика кхаьбна, мантеш а луш, боху цо.

Бакъду, дац кхеташ, хIун ду иза лаьцна дIавигарца, шина кIиранах стенгахь ву ца хоуьйтуш, латторца а, манташна а юкъахь – иза ца дуьйцу.

Къамел дерзош, Дудаевс боху Ибрагимовга, интернетехула зIе кхаба шеца, хаамаш беш хила. Вукхо дош ло зIенехь Iан.

Керлачу кху видеоно тоьшалла дарехь, хIинца мукъа ву Ибрагимов Азамат. Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, шен ненаца Канадера кхечира иза Соьлж-ГIала. Кху беттан 8-чохь вигира Iедалхоша шаьш тIедиссинчу гергарчу нехан цIера. Иза вайна лоьхуш хьийзара гергарнаш, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонийн Instagram-ерчу "eldit_net" паблико, вайна кIира даьлча, гайтира Азамат гIали юккъехула видео-селфи йоккхуш воьдуш.

Оцу видео чохь Европерчу нохчашка, Австрехь вехачу шен дега а тIехь, Кадыровн Iедална дуьхьал митингаш еш ма лела шаьш дехачохь, бохура цо. Иза хIинца шайна тIекхочур ву, аьлла хеттера, лоьхуш хьийзачу гергарчарна. Амма юха а къайлаваьккхира Азамат иза дIавигинчара.

Ша видео-селфи яьккхинчул тIаьхьа а кIиранах лаьттийна Ибрагимов лаьцначохь. Ткъа аравалийтина, Дудаев Ахьмада иза шена кабинетехь гайтинчул тIаьхьа – селхана.

Ибрагимов Азамат беран шерашкахь дуьйна веха шен ненаца Канадехь. Шозза бен хилла а вац Нохчийчу вахана. Цуьнан да, Ибрагимов Висита, 1990-чу шерашкахь Нохчийчоьнан вице-президентан хьехамча хилла ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG