ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Терроризмца бен тIом бу иза. Нохчех а олура, уьш пекъарш бу..."


Нохчийчоь, 2003 шо
Нохчийчоь, 2003 шо

Оьрсийчоьнан тIеман гIуллакхашца зIе йолчу гонийн векалша бакъбо Шемахь стаг къиза вуьйш яьккхинчу видео чуьра «Вагнер» компанин тIемалой. ХIоьттинчу хьолехь иза бен дан а ца догIура «вагнерхошна», аьлла хета Оьрсийчоьнан лерринчу ницкъийн ветеран волчу Мазур Сергейна.

"Нийса ду я вон ду оцу видео чуьрчу бераша дийриг, со ала хIуттур вацара. ХIоьттинчу хьоло, тактикан хьашташа иза дан декхаребинчух тера ду уьш. ХIинца церан къизаллах, уьш чалтачаш хиларх лаьцна дуьйцуш, дуьненан юкъаралла гергаийзош хьийзачарна ца хаьа хIумма а, цкъа а ца хилла уьш тIамехь». Иштта довзуьйту Мазуран къамел Шемахь стаг вуьйш хьийзарш террористаш бу аьлла хетачу "Вечерний курьер" портало.

Нохчийчуьра тIом а хьахабо Мазура. Оцу махкарчу бахархоша Оьрсийчоьнна ден зулам дара оьрсийн эскарша могIарчу нохчашна дечул дуккха а дукха, боху цо.

«Нохчийчуьра шен заманахь хаамаш баьржара, эскархоша, контрактхоша, эпсарша маьрша нах хьийзабо, олий. Амма даима а гучудолура «оцу маьршчуа наха» шаьш могIара бахархой байинийла, цIенош лоьлхийтийла, Москвахь метро эккхийтийнийла», - билгалдоккху Мазура.

"Гергарчу Малхбалехь терроризмца бечу тIамехь цхьа некъ бен бац: я ахь шайтIанаш дойъу, я цара хьо хьошу. Дисинарг дерриг а ду дан хIума доцучо дуьйцуш», - боху тIеман экс-гIуллакхъхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG