ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Голос» проектехь йиш лекхначу Ханиева Рагдас гIалгIай ца лору шена луьйраш


18 шо долчу гIалгIайн йишлакхархочо Ханиева Рагдас комментари йина ша Оьрсийчуьрчу «Голос» телепроектехь дакъалоцуш шена йиш лакха Iамо резахиллачу «Ленинград» тобан лидере Шнуров Сергейга куьг далар а, кхечу жюрин декъашхошна мараоьккху кеп хьоттор а интернетехь емалдечарна.

"Super" портална еллачу интервьюхь мах хадабо цо шех лаьцна дечу къамелийн – шен Instagram-агIоне хIоттийна цо пIераскана видео.

"Суна хьу ца йо оцо, кийча яра со иштачунна. Со кхета, муьлхачу наха и вониг яздо, хIун кхетам болучара яздо – гарехь, синбахамалла хIун ю а ца хаьа царна, бац уьш сан къоман векалш, вайн къоман цIарх дош ала а бац уьш», - боху Рагдас.

Йишлакхархочо яздарехь, дукха бу гIалгIашлахь цо сцени тIехь гайтина хатI лаккхарчу меха дуьллу «сий долу мехкарий а, къонахий а». Уьш бу, Ханиевана хетарехь, бакъболу гIалгIайн къоман векалш.

Ша «Голосехь» йиш лекхначул тIаьхьа шен Instagram-агIо юьзина кхин а 10 эзар доттагIчо, яздо йоIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG