ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша буса автомат кхийсарна петарбуххошка къинтIерабовлар дехна Мансура


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Шоьтадийнахь Петарбухахь шен петарара лаьцна дIавигина Нохчийчуьра веана веха 21 шо долу Абдылхаисиев Мансур. Меттигерчу «5-гIа канал» телевизионо дийцарехь, харцхьа леларна бехктакхаман дов айдина цунна дуьхьал.

Лаццале чекхъяьллачу буса цо социалан машанашка видео хIоттийна, «Лада Приора» машена чуьра, ша гIалин полицин урхаллина уллехула тIехволучу юкъанна, корах ара а яьккхина, маса-топ етташ.

Ноьмарийн метта яздина «Мансур» а, корах латийна «Нохчийн борз» йоза тIехь долу сурт а дара цуьнан машенан, боху «5-чу канало».

Полицино ша лаьцча яьккхинчу видео чохь Мансура доьху Петарбухарчу бахархошка ша «новкъарло ярна» къинтIерабовлар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG