ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

European Property Awards совгIат кхаьчна Grozny City хьешан цIенна


Соьлжа-ГIалара Grozny City
Соьлжа-ГIалара Grozny City

Соьлжа-гIалара Grozny City хьешан цIенна European Property Awards цIе йолу совгIат дина. 1995-чу шарахь дуьйна юкъадаьккхина, таханалерачу дийнахь Европехь уггар а престиже лоруш ду European Property Awards совгIат. Премеш дIасадоькъуш церемони дIаяьхьна Лондонехь.

Карарчу шарахь 45 номинацехь дIасаделла деза совгIаташ. Йозуш йоцчу сферашкарчу эксперташа къастийнера European Property Awards-е кхачийначу проекташлахь тоьлларш. Тергоне эцнера гIишлойн дизайн а, дикалла а, инновацеш а, ша-тайпалла а.

Билгалдаккхарца, «Grozny City» отел – пхи седа болу комплекс ю, шен куьце хиларца дуьненан массо а маьIIерчу хьешашна товш йолу. Престиже совгIат кхачаро бакъо ло карадогIучу шеран Заздоккху-беттан 10-13-чу а деношкахь Францин Каннехь European Property Awards-о дIахьонйолчу дуьненан гайтамехь ша шена презентаци ян.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG