ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчочуьнга маре еана шен йоI Кадыровга схьайоьху Нижегородскерчу нанас (+видео)


Нижегородскан кIоштарчу яхархочо орца дехна "WhatsApp" мессенджерехула Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, нохчочуьнца едда шен 20 шо долу йоI схьалохуш гIо де бохуш. Дахначу кIиранах Нижегородскерчу Большое Рыбушкино олучу эвлара 20 шо долу Абдулкадирова Камиляс тIепаза яйнера. Ткъа кху деношкахь Инстаграмехь гучуяьллачу цо дIахьедина, ша маре а яхна, шен цIийндеца Нохчийчохь ю, дега-нене кеста хьажа-хIотта а йогIур ю ша аьлла. Шен йоI цIаерзош гIо доьху нанас Зульфияс Кадыровга.

Error rendering VK.

"Лараме Рамзан Ахматович! Тхоьгара лаам а боцуш, кху беттан 20-чохь Нохчийчу дIайигна тхан йоI Адбудкадирова Камиля. Доьху хьоьга, гIо дахьара ахь йоI цIийнах тухуш", - боху видео тIехь нанас.

Камилян да, нана доьзалхочунна сагатдечу юкъанна, Инстаграмехь зорбане доху йоIа Соьлжа-ГIалин урамашкахь а, марзхошца а цхьана доху шен суьрташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG