Европехь уггар йоккха бароккон мехаллаш чохь латто Дрезденера немцойн пачхьалкхан музейра хIуманаш яьхна оршотан дийнахь, хаам бина полицино, хаам бо France.24 зорбан хьастано. Зорбан гIирсаш яздарехь, динчу зен барам бу 1 милиард евро.
Bild газето дийцарехь, зуламхой чубоьвлла Дрезденан музейна Iуьйранна, тоькан тарсформаторна цIе а тесна, ток дIа а яьккхина. Талорхоша дIаяьхьна ювелиран хӀуманаш, мелла а яккхийн экспонаташ Iад а йитина.
Саксонин премьер-министро Кречмер Михаэла яздина твиттерехь, музейхь латтош хилла мехала хIуманаш а йоцуш, цу федералан лаьттан историна хьесапдойла дац аьлла. Полицино лоьхуш бу къола динарш.
Дрезденерчу Баьццаран нарталехь латтош ю пилан даьIкех а, дешех а, детех а, мехала тIулгех а йина 4000 экспонат. Коллекци кхоьллина Саксонин курфюрсто Авгута Ондачо 1723 шарахь.
ШолгIа Дуьненан тIом боьдуш зен ца хуьлуш йисинера иза. Амма тIеман трофей ю аьлла коллекци дIаяьхьнера Москох. Делахь а 1958-чу шарахь иза юхаерзийра Дрездене.
Хаамийн агенталлаш дийцарехь, цу коллекцин уггар еза экспонат – 41 карат долу "Дрезденан баьццара бриллиант" ца лачкъош дисина, иза карарчу хенахь "Нью-Йоркерчу Метрополитен-музейхь гайтамехь хиларна.
Оршот дийнахь музейна къола дар шолгIа гIовгIане талор дар ду Германехь тIаьхьарчу шерашкахь дина долу. 2017-чу шарахь Берлинерчу Боде музейра лачкъийра 100 кила йозалла йолу дашо ахча.