ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн невцана реза йоцу нана ю шен йоI дIаяккха йогIуш


Нохчийчуьрчу вахархочуьнга маре еана хилла Нижегородскера Абдулкадирова Камиля цIа юьгуш ю нанас. "Прогород" портале бина йоIа и хаам. Маршо Радионо яздира, Нижегородскан кIоштарчу яхархочо "WhatsApp" мессенджерехула Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане гIо дехарх, нохчочуьнца едда шен 20 шо долу йоI схьалохуш гIо де аьлла.

Дахначу кIиранах Нижегородскерчу Большое Рыбушкино олучу эвлара 20 шо долу Абдулкадирова Камиля тIепаза яйнера. Ткъа кху деношкахь Инстаграмехь гучуяьллачу цо дIахьединера, ша маре а яхна, шен цIийндеца Нохчийчохь ю ша аьлла. Цо динчу марена реза ца хиллачу дас, нанас полицига хаамбинера, тIаьхьо мехкан куьйгалхочуьнга орца а дийхира.

Портале Камиляс бинчу хаамца: "Могуш-маьрша а ю со, сайн да-нана долчу цIа яха дагахь эцна билеташ а ду сан. Кхана нана ю суна тIаьхьа йогIуш. Соьца массо а дика вара, суна ницкъ ца бина. Массарна а дукха а езаш, шайн йиша санна лелийра со. Коч а тегнера суна".

Волонтерийн информацица, йоI лоьхуш хилар официалехь сацийна, полисхошка дина дIахьедар дас, нанас юхаэцначух тера ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG