ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ен а, етта а бакъо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт
Волкова Алиса

Деношкахь Нохчийчохь йийцаре йина доьзалхоша вовшашна гIелоярх долчу низаман проект. Регионан векалийн барамехь доьзал а, къаьмнийн синбахамаш а Iалашбар хьехочу юкъанна айдира оцу хьокъехь къамел бакъоларъярхоша а, Iеламчаша а, юкъараллийн векалша а. "Кавказ.Реалиис" тидаме оьцу и проблема.

Бакъду, гулбеллачех доккхачу декъанна «цIахь-чохь лелачу къизаллица къийсам латтор» аьлла Оьрсийчуьрчу жигархоша айдинчу дийцаршна бухайиллина го зуламе Iалашо – хIусамашкара зIенаш хедор а, кегийрхой доьзал болорах къахкор а. Цу тIе, Нохчийчоь а, ерриг Къилбаседа Кавказ а, цигахь цIийнан ламасташ дика лелаш хиларе терра, кийча ю ерриг а Оьрсийчоьнна хьеха, муха кхион беза доьзал, муха ларъян еза гергарлонийн мехаллаш, бохура кхеташоне хевшинчара.

Амма кхечу кепара гойту доьзалщкара хьал Къилбаседа Кавказехь кест-кеста гIарабовлучу хиламаша. Масала, ерриг а Оьрсийчоьно дийцадаьккхира дукха хан йоццуш хIирашлахь зуда-майра къаьсташ иккхина ирча сурт: видеокамераш тIехьоьжуш а йолуш, 21 шо долчу Гагиева Регинина, цо болхбечу туькана а вахана, уьттаза урс туьйхира цуьнан майра хиллачо.

«Оха и бохам интернетехула бийцаре баьккхича, дуккха а адамаш шайн лазамаш бийца дуьйладелира соьга. Суна цара, со Iехон гIерташ, моттаргIанаш лелайо, шайца хилла а доцурш дуьйцу моьттура юьхьанца. Амма кхийтира со, нах баккъал а дагабовлуш буйла, церан дийцарш бух боцуш доцийла», - дуьйцу Къилбаседа ХIирийчуьрчу доьзалехь ечу гIелонашна дуьхьаллаьттачу "Хотае" юкъараллин куьйгалхочо Бекоева Агундас.

«Дукха оьху хаамаш, вуно дукха. Шина бетта чохь 30 арз даийтина тхоьга. Сов йоккха а йоцчу гIалахь, тIех йоккха а йоцчу республиканна дукха бу доьзалехь ечу гIелонах бен леткъамаш. …Кхеташ ду, доьзалехь гIело мел ловчу наха ма ца яздой тхоьга. Ткъаннах цхьамма яздеш хила тарло. Цундела сагатдойту тешна а лелаш хила тарлучу массо а гIелонийн барамо», боху Бекоевас.

Майра хиллачо Гагиева Регина ерца айдина гIуллакх вуно хала дIахьош ду хIирийн Iедало – шина бетта чохь 7талламча хийцавелла, хаамбина йийначун йишас прессехь. Ткъа куьг-бехкениг ма-хуьллу хьийза таIзарх хьалхавала гIерташ.

«Суна сайнна хетарехь, тIаьххьарчу заманахь баккъал а даьржина лела доьзалехь цхьамма кхечунна, я кхечарна, гIелонаш яр. Уггаре хьалха иза ю кхетамна еш йолу гIело, девнашца, гIаранашца – иза-м лоруш а дац. Зударий, дукха хьолехь, шайна йиттича, шайн дахар кхерамна кIел хIоьттича бен ца бовлу орца деха ара» - дуьйцу зударшна леринчу кризисан центран директоран гIовса Бахшиева Фаридас.

Бахшиевана хетарехь, Кавказерчу доьзалшкахь гучуюйьлу къизалла – иза зама хьалха дуьйна дехачу ламасташца доьзна лела. «Зудчо доьзалера дIаяхар, майрачух къастар иэхье лору. ДецIахь иза тIе ца оьцу, эцча а, оьцу, арахь Iар тоьлуш а долуш. Дац, цу тIе, зудчун бакъо ларъен низамаш а. Дера ю со-м и тайпа низам тIеэцарехьа», - элира цо.

Оьрсийчохь хила деза низамаш данне а дацаро зудчунна дуьхьал зулам дан некъ буьту, боху кхиболчу бакъоларъярхоша а, эксперташа а.

«Суна гарехь, доьзалан «сий лардеш» ден зуламаш алсамдевлла, амма юкъарлоно дийцадаьхнарш кхин зуламаш ду. Цхьаъ делахь, прессо царех лаьцна дуьйцу дукха хьолехь. ШолгIа делахь, интернетехула, социалан машанашкахула даьржа хилларг. ХIун дан деза доьзалехь къизалла ца лелийта? И проблема йолуш юйла кхето деза, цхьаъ делахь, шолгIа – шайн болх цхьаьна, юкъахь, бан беза хьолах доглозучара: юкъаралхоша а, Iадаташкахьа болучийн гонаша а, политикан институцеша а. Делахь а, массо а хIума эрна ду, нагахь санна пачхьалкхан лаккхарчу тIегIанашкахь и болх бан лаам ца гIаттахь. Пайде хир дара кхузаманахь гулдина зеделларг декъаозийча, иштта тидаме эца деза кхечу пачхьалкхийн зеделларг а», - аьлла хета ГIалгIайчуьрчу зударийн проблемийн талламчина Ахильгова Джанетина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG