ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Албанехь мокхбегийна. Велла 5 стаг, лазийна 300, йохийна хIусамаш


ТIаьххьарчу иттех шерашкахь уггар а ницкъе мохкбегийн Албанехь. Пачхьалкхан коьртачу шахьаре Тиране а цхьана кхаьчначу бохамо байина нах а бу, йохийна гIишлош а ю. Керлачу хаамашца, лахара а 6 стаг ву велларг, чевнаш йина 300. ХIусамийн херцаршна бухахь кхин а дукха нах бисина хиларна кхоьруш бу Iедалхой.

6, 4 магнитуда (ницкъаллин гайтам) йолуш Тирана гIалина 30 чакхарма генахь, 10 чакхарма кIоргенехь нисъелла мохкбегоран эпицентр. ГIишлош йохийна Дуррес олучу портан гIалахь а.

ТIаьххьарчу кхаа баттахь хиллачех шолгIа мохкбегор ду хIара. 500 цIа дохийра Гезгмашин-беттан 21-чохь бегийча, велла а, лазийна а стаг вацара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG