ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьаш бац имамаш. ХIирийчохь даздина муфтият кхоьллина 25 шо кхачар


ДжамаIатан маьждиг, Владикавказ

Материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Волкова Алиса

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:18 0:00
Линкана тIе


Къилбаседа ХIирийчоьнан бусалба динан урхалло даздина иза кхоьллина 25 шо кхачар, яздо Кавказ.Реалиино. Даздаршка ищтта веанера Кавказерчу бусалбанийн урхаллан гIантда шайх-уль-Ислам Аллахшукюр Пашазаде Гаджи а, Азербайджанан вице-премьер Мустафаев Шахин а.

Къилбаседа ХIирийчоьнан муфтийс Гацалов Хьаьжмурда дийцарехь, таханлерчу денна 29 маьждиг ду республикехь. Кхин а 2 юхаметтахIоттош а ду.

"25 шо дукха йоккха хан яц, амма вайн хенахь, хийцамийн хенахь, Советан пачхьалкх йоьхна Оьрсийчоь дIахIуттуш а, Оьрсийчохь а, ХIирийчохь а ислам денлуш а - иза йоккха хан ю", - бохуш вара Гацалов.

Хьеший тIеоьцуш ву ХIирийчуьра муфтий Гацалов Хаьжмурд
Хьеший тIеоьцуш ву ХIирийчуьра муфтий Гацалов Хаьжмурд

25 шарахь дуккха а халонех чекхъяьлла (ХIирийчуьра) бусалба юкъаралла. Цу юкъахь ду радикалашца а, ламастан ислам сектах къасталуш боцчу нахаца къийсам латтор а, ши имам Дударов ИбраьхIим а, Гамзатов Расул а вер а, маьждигаш юхаметтахIиттор а, Владикавказера сунтхойн маьждиг юхадерзор а.

"Историн мехала маьждигаш, шайна юкъахь Владикавказера а, Эльхотово эвлара а рузбан маьждигаш юхаметтахIиттор а, керла маьждигаш дар а юкъагIур ду хIирийн халкъан историна", - билгалдаьккхина ду Оьрсийчоьнан муфтийн Кхеташонан гIантас Шайха Гайнутдин Равила даийтинчу кехатехь.

Цо дийцарехь, ислам динехь болчу республикан бахархоша, бигалдоккху, хIинца шаьш мелла а маьрша хилар.

"Цхьацца структурашкара Iаткъам ловш бара бусалбанаш хьалха. ХIинца и Iаткъам хаалуш бац тхуна, республикерчу юкъараллан коьртехь лаьтташ бусалба динан урхалла хиларна. Тхо гIоле кхета дуьйладелла тхайх а, тхайн аьттонех а. Суна дагадогIу хIора керла муфтий хIоттарца динан урхаллан болх хийцабалар. Карарчу хенахь аттачу даьлла тхуна цхьацца хаттарш кхочуш дар", - боху Чикола эвларчу бусалба юкъараллан жигархочо Цаголов Олега.

ХIирийчохь бусалбанаш даздеш бу муфтият кхоьллина 25 шо кхачар
ХIирийчохь бусалбанаш даздеш бу муфтият кхоьллина 25 шо кхачар

Амма Къилбаседа ХIирийчоьнан бусалба динан урхалло даре до, дуккха а проблемаш хIинца а йсина хилар.

"Тхан кегийрхойн деша аьтто хилча дика хир дара. Оха тахана хьехораш яц исламан лаккхара доьшийлаш. Уьш луларчу республикашкахь йолуш ю. Амма маситта хьуьжар кхолла оьшу аьлла хета суна, - боху Цаголовс.

Цо дийцарехь, иза вехачу Чикола юьртахь 4 хьуьжар ю. Цхьацца хьужар ю Лескенехь а, Эльхотовохь а. Цигахь дешар сацош дацара, кегийрхой бара даима доьшуш. Тахана ХIирийчохь 50 имам ву. Коьртачу декъана хIирий бехачу ярташкахь имамаш тоьуш бац, амма Пригородни а, Маздокан а кIошташкахь уьш болуш бу.

Хьалхо Кавказ.Реалиино яздира Владикавказерчу маьждигашкахь бусалба нахана ламаз дан меттигаш тоьаш цахиларх лаьцна. И бахьана долуш пIераскан дийнахь рузбане баьхкина кегийрхой ламазе хIуьтту урамехь.

Иштта рузбане баьхкинчу нехан шайн машенаш маьждиган гонахарчу урамашкахь йита дезаро халчу доккху цу урамашкахула транспорт дIасалелар. Керла маьждиг дан латта даларх лаьцна хаттар гIаттийна маситтоза, амма тахана а йистяьлла яц цунах.

Оьрсийчоьнан школашкахь дехка долийна бераша доьшучу сахьташкахь телефонаш царна лелор. Шуна муха хета, нийса дуй иза?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG