ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелан меттан моттаргIа?


Нохчийчоьнан Лаккхара кхел реза ца хилла прокуратуре юхахьажо полицин белхахошна тIелатар дина аьлла Дагестанера 8 вахархо верах лаьцна бехктакхаман гIуллакх, хаам бо Кавказ.Реалиино. Цу тайпа дехар динера кхеле байинчеран гергарчара лаьцначу адвокаташа.

Юьхьнацара таллам дIахьош гергара нах кхетийна ца хиллера, бехккъасторхошка и гIуллакх листийта церан дехар дан бакъо хиларх. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига хаам бина адвокато Денисенко Сергейс. Байинчеран гаргарчу нехан суьдехь гӀо лоцучу агӀоно дехнера и кхачамбацар дIадаккхахьара аьлла.

Оьрсийчоьнан УПК-н (бехктакхаман процессан кондекс) 237-чу артикалца а догIуш, гIуллакх юхаталла дIахьажо дезаш ду прокуратуре, нагахь бехкевечун бехктакхаман гIуллакхан материалаш йовзуьйтуш, цуьнан бакъонаш йийцина ца хиллехь, дуьйцу Денисенкос.

"Амма кхело лаьрра бакъонаш йохина цахилар. Цо гIуллакх юха хIунда ца хьажийна, цунн иза къасто хIунда ца лиъна – хIетал-метал ду", - боху адвокато.

Цу кхелан сацамна латкъам бийра болуш бу хIинца, амма кхел кхайкхийначул тIаьхьа.

Байинчу дагестанхойн гергарчара, цара дийцарехь, шаьш дог диллина нийсо карор ю бохучух.

Кхелхинчерах цхьанна дас Джамалудинов Джамалудина элира "Кавказ.Реалиига", ша кхеле дехар дина, ши цига ма кхайкха аьлла. "ХIунда аьлча иза дасатмалла ю", - боху цо.

Дагадоуьйту. 2016-чу шарахь ГIадужу-беттан 9-чу буса Нохчийчуьрчу Гуьмсан кIоштахь леррина операци дIаяьхьира, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан меттигерчу урхалло бинчу хаамца, 8 тIемало а вуьйш. Чевнаш хиллера низамаш лардочу органийн 4 белхахочунна.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчьурчу урхалло бинчу хаамца, полисхой гIоьртина хиллера кехаташ талла Дагестан йолчу агIор схьйоьгIу 2 машен сацо, амма цу машенашкахь хиллачу наха масатопп тоьхча, дуьхьал герз диттина уьш берш байинера. ТIелатар динчеран машена чим хилла яьгнера, ткъа царна чохь хилла 8 дакъа хьуна муьлха ду къасто аьтто ца баьллера.

Генетикан экспертизаш йинчул тIаьхьа хиинера, байинарш лар йоцуш байна дагестанхой хилар. Церан гергарчара дIахьедар дира, и нах лечкъа а бина байина хиалрх а, леррина багйина хиларх а, цхьа а леррина операци, ма дарра аьлча, хилла цахиларх а льцна

Нохчийчохь бехктакхаман гIуллакх долийнера цу нахана дуьхьал низамаш лардон органин белхахой байа гIоьртарна а, бакъа а йоцуш герз лелорна а аьлла. Амма уьш берш байиан хиларна гIуллакх дIакъовла гIоьртира талламхой.

Байинчу дагестанхойн дай-наной дуьхьалбевлира царна, иза суьде кхачийтар Iалашонца. Амма цара доьхург дара гIуллакх къастор Нохчийчуьра Дагестане дехьадаккхар, луларчу республикехь бакъо каро аьтто бац аьлла. Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело юхатуьйхира и дехар.

Кху шеран ГIадужу-баттахь Европан адамийн бакъонашкахула кхело тIеийцира Нохчийчохь вийначу 8 дагестанхочун гергарчу нехан лакъам. Цкъачунна иза чекхбаьлла литтаран хьархарчу муьрах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG