ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу а, Петербургерчу а кхелашкарчу нахана эвакуаци йина


Минаш ю гIишлош чу йоьхкина аьлла, Москварчу а, Санкт-Петербургерчу а масех кхелашка анониман хаамаш кхаьчначул тIаьхьа гIишлош чуьра нах арабаьхна хилла. Урхаллийн, хаамийн агенталлийн пресс-гIуллакххоша а, ишта кхелашкахь хиллачу журналисташа а Iорабаьхна цунах лаьцна хаамаш.

Йолчу информацица, билггал эвакуацеш йина Басманан а, Останкинан а, Тверскойн а, Мещанскан а кхелашкахь. ТIаьххьара цIе яьккхинчу кхелехь ладегIарш дара тахана "Москван гIуллакхан" а, "Седьмая студия" олучу гIуллакхан а хьокъехь.

Петербургерчу кхелийн цхьанатоьхначу пресс-зорбанчаша дийцарехь, Красногвардейскан а, Московскан а, Фрунзенскан а кхелашка харц орца даьккхина хилла минаш лелха кхерам бу аьлла.

Петербурган кхеле почтехула кехат кхаьчна, миллион сом охьадилла, шаьш гIишло оьккхуьйтур ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG