ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лондонехь тIелеттарг набахтехь хан яьккхина ву


ПIераскан суьйранна Лондонехь динчу терактехь ши стаг вийна аьла, шеконашкахь верг хьалхо таIзар текхна хилла цу кепара терроран зулам дарна аьлла, хаамбина Британин полицино. 28 шо долу Хан Iусман ву тIелеттарг аьлла, шоьтадийнахь дIахьедина полисхоша.

Уьрсаца пIераскандийнахь динчу тIелатарехь цхьа зуда а, стаг а дийна цо, чевнаш ян кхиъна кхин а кхаанна. Полисхоша герз тоьхна вийна зуламхо.

"Iедалхошна хууш ду оцу стагах лаьцна, хIунда аьлча, 2012-чу шарахь терроризмца доьзна зулам дина ву иза. Стохка Iай набахтера араваьккхира иза, шен-шен рожехь шайна а тIевогIуш, куьйгъяздар тIе а диллина", - аьлла хаамбина комиссаран гIоьнчас Басу Нейла. Ишта Басус бахарехь, Хан вехаш хиллачу Стаффордширерчу цIийнах а хьоьвсина полисхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG