ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яккхий хенаш ехна Казахстанерчу прокуроро Шемара цIабалийначу шайн бахархошна


"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошлахь тIемаш бинчу 14 шайн пачхьалкхан вахархочунна 10 шарера 17 шаре кхаччалц хенаш ехна Казахстанерчу прокуроро, яздо меттигерчу хаамийн гIирсаша. 25 шарера 50 шаре бевллачу божаршна тIехь дIахьош ю кхелан процесс. Кхеле хIиттийначех чевнаш йина хилла цхьаъ видеозIенехула дакъалоцуш вара кхелан процессехь ша Iуьллучу дарбан цIийнера.

Ишта бехкаш дехкина царна, кегийрхой даIишан могIаре ийзорна а, терроризмна пропаганда ярна а, кхиндолу "къиза зуламаш" лелорна а.

Шайга кхидош долу дукхахдолу бехкаш тIе ца лоьцу цара, террорхойн организацехь шаьш латтарна къаро йо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG