ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоьллехь лийр вац Кадыров


Тергамаш: Нохчийчохь хьаькамаш хьанал бехаш хилча, царех кIезиг кхаьрдар бара нах

Новкъадеана махкарчу бахархошна шайх лаьцна Кадыров Рамзана аьлларг: болхбан ца лаьа нохчашна. Ша шегарчу даржан гIоьнца гулдина хьал халла хенера долучу халкъан бIаьргаш чу а ца детташ, нахана белхаш нисбича, ша бохучунна тIехь бакъ хила а там бара иза, амма хIинца цо юьйцург харцо ю, аьлла хета «Кавказ.Реалиица» къамел диначарна.

Мехкан бахархошна оьшшучул белхан меттигаш кхолла шайн ницкъ цакхачар, къам бехке а деш, дерзийна Кадыровс. Оццу маьIнехь бу «Грозный» телеканало къоме боккху бехк а – нохчийн къам «бIешерашкахь къинхьегам безарца гIарадаьлла даьхна, ткъа тахана малончах тарлуш лаьтта», нахана лаккхара алапа лучу метте балха баха а ца лаьа хIинца, боху цо йинчу сюжето.

Телеканало дийцарехь, йохк-эцаран, синкъераман «Грозный Молл» центр еш шайга бIеннашкахь кховдийначу белхан меттигашка ца бахана нохчий, цундела цигахь къахьоьгучу белхахойх 70% арахьара тIебаьхкина нах бу.

«Цхьаъ делахь, вай цIахь луш йолчу кепекех доьзал ца кхабало. ШолгIа делахь, и кепекаш а яц схьалуш шен хеннахь, лай санна бацабо нах. Ткъа белхалочо арздича, цунна кхерамаш туьйсу. Доцца аьлча, кхузарчу балхах беттанашкахь мехаза бар хуьлу. Цундела нохчашна болх махкал арахьа леха бен ца дуьсу», - дуьйцу, ша вовзарна а кхоьруш, Ваха цIе йолчу Соьлж-ГIалин вахархочо.

Оьрсийчуьрчу Iедалан статистико бахарехь, 13,4% ю белхазалла Нохчийчохь (пачхьалкхехь цхьа ГIалгIайчоь бен яц Нохчийчоьнал тIаьхьа). Цу тIе, Нохчийчуьрчу белхазаллин бакъ-терахь хила тарлуш ду статисташа бохучул дуккха а лакхара. Терахьаш дуьйццучохь а дитина, «Южная» («Къилбе») цIе йолчу автобусийн социйле вахча гойла ду сурт ма-дарра: багарбе, мел дукха таксисташ кхочу цхьана вогIу-воьдучунна, кхочу Iаламат дукха!

ГIиллакхах боьхнарш

Шаьш Кадыров а, цуьнан го а оьздда, шайн бахамаш нехан бIаьара а ца бетташ, бехаш хилча, кIезиг хир яра цаьрга претензеш, боху «Кавказ.Реалиица» къамел динчу эксперташа. Цул сов, шайгара тIех еза «тайнигаш» дIаэхьарца, шаьш мел «баккхий нах» бу гайтарца боьхна уьш нохчийн гIиллакхах, адам Далла а, дуьненна а хьалха цхьабосса лоруш даьхна нохчийн къам хIинццалц, боху дукхахболчу нохчаша.

«Бахам бахьа меттиг йоцуш дукха хиларна а дац Iедал ду шаьш бохучара лелориг. Цара хьоьшу тхан гIиллакх. Тхан къомо шен баьччанах цхьа а веш ца хилла «паччахь» - иза кхиберш саннарг лоруш хилла. Хилла нахалахь бехашберш а, къехой а, амма хьо къен вара аьлла, лахдуш ца хилла хьан мах, хьолахочуьнгахь йоллу бакъо хуьлуш хилла хьоьгахь а. Тахана го нахана, хIун мега Кадыровна а, цуьнан гонна а, хIун ца мега шайна», - элира ша «Кавказ.Реалиига» ца вовзийтар дехначу мехкан вахархочо.

Цо бохург тIечIагIдеш ду Кавказан къаьмнийн ассамблеян куьйгалхочочунна Кутаев Русланна хетарг а.

«Куралла езаш ца хилла нохчий цкъа а. Курачу нахах кхаьрдаш хилла. Стагана мегаш ца хилла шега кхаьчначу бахамах байракх ян – иштаниг бегвоккхуш, аьшнашвеш баьхна нохчий. Шен шира Iадаташ лардеш къам ду тхайниг. Стагах оха оьзда ву олу, куралла йоцуш, карадеаначу хьолах дозалла дар доцуш, «ас-со» доцуш лелачух», - билгалдаьккхира Кутаевс.

Кадыровн гоно бахамах, каракхаьчначу хьолах дозаллаш деттаро нохчийн бIаьрга цIий хьуьйзуьйту, боху Кутаевс. «Тийна-таьIIина, дийцаре доккхуш а доцуш, уьш ца беза дуккха хан ю. Царна шаьш къам къардина моьтту, амма иза бакъ дац. Беламе ду иза! Шайна тIехь мел боккха кхерам лаьтта, шаьш мел ца оьшу нахана, шайгара хьал мел сиха доха тарлуш ду царна хиича, лачкъа Iуьргаш лоьхур дара цара. Хиндерг ду иза. Амма цкъачунна къоьруш бу кIентий», - Кутаевс дийцарехь.

Мохк долакхаьчна «пекIарш»

Шаьш цагурш бIаьргаш бевлла бисийла бохуш санна, шайн шахьарш-хIусамаш, тоьлла машенаш, зоопаркаш гойту Кадыровс а, цуьнан гоно а, къам цецдаккха гIерта – церан дай къен баьхна хилар ду иза, аьлла хета Кутаев Русланна.

"Нехан дерг а доцуш, къен баьхна нах бу Кадыровн «вертикале» гулбелларш. Царна иза шайн сенханлера сакхт ду аьлла хета. Шайгара и сакхталла ма-хуьллу сиха яйа гIерта уьш, цундела лела уьш ишта сонта. «Хьовсал, тхох муьлш дара хьалха, тахана муьлш ду, машенаш йолчу, тIехь жовхIарш лелочу нахах, хьалха санна, хьогуш-м ца лела тхо хIинца, оха пусар а ца до шун, гой шуна тхо», боху церан дегнаша тахана», - аьлла хета Кутаевна.

2016 шо, "Porsche Panamera" луш бу Кадыровн кIентий шаьш лата Iамочу тренерна Эдилов Iабдул-Керимна
2016 шо, "Porsche Panamera" луш бу Кадыровн кIентий шаьш лата Iамочу тренерна Эдилов Iабдул-Керимна

«Кавказ.Реалиино» хаьттира Кавказан къаьмнийн ассамблеян лидере: ца хаьа Кадыровн гонна, шаьш шайна гулдина хьал шайна кхераме дуйла?

«ДIадовлийша, - элира Кутаевс, - аш хIун дуьйцу?! Аш дуьйцург хууш хуьлу шайн дахар хааршца тодинарш, шайн хьекъало баха ховшийнарш. Ткъа вай буьйцурш бу гергарлонаший, кхаьънаш кхидорой хьалабаьхна нах. Царна хаьа шайна тIехьожушверг Iедалан коьртехь мел ву бен доцийла шаьш», - аьлла хета Кутаевна.

Бакъду, элира цо, кIезиг башхалла ю Кадыровн гонний, , шайн жIаьлешна кеманаш латточу Оьрсийчуьрчу кхечу «хьоладайшний» юкъахь. «Оьрсийчуьрчу Iедале тобанашкахь дIататтабелла похIма а, хьекъал а доцу нах. Коьртаниг таханлерачу пачхьалкхехь хьекъал дац, Iедал лаьцна латточу зуламхойн гонна муьтIахь хилар ду», - чIагIдо Кутаевс.

«Цундела Нохчийчохь наха олу, цхьа а низам а доцчу 90-чу шерашкахь а, «хьалхара тIом» бирзича а ца лаьттина махкахь тахана санна къоьлла. Уггаре доьхнарг ду, Iедало шена газах, хих, серлонах дIадала ахча а доцу халкъ балелацар. Ичкерехь а ца доьхура оцу газах, хих, серлонах ахча. ХIинца? Iа ду арахь, кегий ду бераш, ткъа «кхара», бахка а богIий, дIахадайо газ. Кремлна шаьш муьтIахь дуйла гайта ма дезий!»

Иштта дара политологан Кутаевн къамел.

Хьо бакъ вуй-те, «Грозный» канало кхин сурт ма гойту, Нохчийчоь кхечу регионийн могIаршлахь тоьллачех ю ма олу статисташа, хаьттира «Кавказ.Реалис» Кутаевга тIаьххьара а.

«Дац иза ишта, аьшпаш бу, - бохура цо, - Ичкерин заманахь цхьанне а ца эшара аьшпаш битта, цундела ца буьттура, я вовшашна хьолах дозаллаш дан а дацара хIетахь оьшуш».

Хьажа комменташка

Кхачам боллуш Iамош а, лелош а буй ненан мотт Нохчийчохь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG