ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн Республикан сийлахь артист цIе елла Супрунова Алисина


Супрунова Алиса Къоьзан-Iома тIера туркомплексехь.
Супрунова Алиса Къоьзан-Iома тIера туркомплексехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "Нохчийн Республикан сийлахь артист" цIе елла Супрунова Алисина. Цунах лаьцна хаам бина Соьлж-ГIаларчу Нурадиловн театрехь хиллачу концертехь дакъалоцучу йиш лакхархочунна совгIат дIадала веанчу Госдуман депутато Саралиев Шамсаила, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Оьрсийчоьнан телевизионан "Керла тулгIе" проектан декъашхо хилла Петарбухера Супрунова Алиса гIараелира Нохчийчохь, вевзаш волчу бардан Муцураев Тимуран "Дахар - сихалла" йиш лекхначуул тIаьхьа.

ХIинца цуьнан репертуарехь ю нохчийн авторийн эшарш, шайна юкъахь Цураев Iаьрбин гIаръяьлла "Нана" йиш а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG