ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров цахьевар бен молха дац, даций?


Романова Софья

Стенна ца го Москварчу урхаллашна Кадыровгара юьйлу харцонаш. Оцу хьокъехь дуьйцу бакъоларъярхоша "Кавказ. Реалиига"

Шена а, шен гонна а критика ен нах «байа, чубохка, кхерабе», аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина кхайкхам зуламе бу, цо низам дохадо, боху «Мемориал» центро а, «Москварчу ХIелсинкин тобано» а Оьрсийчоьнан Талламан комитетан буьйранчига Бастрыкин Александре шаьш дахьийтинчу дIахьедарехь. Iедалхойн кхеташонехь Кадыровс дина къамел Нохчийчуьрчу телеканало гайтира байначу беттан 5-чу дийнахь.

Амма прессо шен къамел емалдан долийча, ша «аьлларг ишта дацара» баха вуьйлира Кадыров. Ша «оьгIазвахханчохь аьлларг» хаамийн гIирсаша харцхьадаьккхина, «дешнаш ма-дарра гочдарца», боху цо бехказволуш. «Ас еттар ю хьуна, ас вуьйр ву хьо» нохчийн доьзалшкахь олуш ду, амма иза дац баккъал а цIий Iанор ду бохург – иштта аьлла шен дешнех юхаваьллачо.

Шен хьаькамо дина къамел гочдан гIоьртина журналисташ нохчийн мотт хаъане а хууш бац, аьлла Кадыровн пресс-гIоьнчас Керимов Iаьлвис а. Ткъа Кремлехь тидаме эца а ца лиира регионан куьйгалхочо дуьйцург – цхьа а маьIна доцу мах а хадийна, юьстахдитира.

Кадыровс нах хIаллакбе аьлла дина къамел зуламе лору Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексерчу 282-чу а («цхьана социалан тобанехь болчу наханна дуьхьал гамо гIаттор, я мостагIалла лелор»), 285-чу а (даржах пайда а оьцуш, зулам дар), 286-чу а (даржо лучу бакъонел соввалар») артиклаша, боху Бастрыкине бакъоларъярхоша.

«Мемориал» центран куьйгалхочо Орлов Олега дийцарехь, Кадыровс ша буьйцучийн цIе ца яьккхинехь а, кхеташ ду цо байа кхачораш муьлш бу.

"И къамел дерриг а зорбане даьккхина оха. «Би-би-Си» радионочул а лерина, ма-дарра. Цигахь кхеташ ду, муьлш бу Кадыровс буьйцурш - журналисташ, бакъоларъярхой бу уьш. Шеко яц, со а ву церан декъахь», - элира "Кавказ.Реалиига" Орловс.

«Iазапна дуьхьалоечу комитетан» куьйгалхочунна Каляпин Игорна гарехь, Кадыровс бохург хьакхало цуьнан Iедална критика ечех. «Ас кхеторехь, бакъоларъярхой бу цо буьйцурш, гарехь, блогераш а бу. Суна ца хаьа, ала догIу Абдурахманов Тумсох, масала, бакъоларъярхо, я ца догIу. Кадыровс буьйцурш бу, схьахетарехь, шена дуьхьал цхьацца хIума яздийраш».

Нохчийчохь адамийн бакъонаш тергалъечу юкъархойх ву Каляпин Игор. Цунна дуккхаза а дина тIелетарш Нохчийчохь а, цул арахьа а. Соьлж-ГIаларчу цуьнан офисна тIелетира «бевзашбоцурш». Iедална муьтIахьболчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, зен динарш бара «Комитето бакъонаш шена луъучу кепехь тергалъярна резабоцу нах». ТIаьхьо ерриг а ягийра «Iазапна дуьхьалоечу комитетан» республикера хIусам.

Ца хеддаш Нохчийчуьра урхалла шайна тIелеро махкахь Iойла дайина бакъоларъярхойн. Оцу хьокъехь дуккхаза а аьрзнаш дина Iедале «Мемориалан» векалша.

Стохка аьхка, Нохчийчуьрчу полицина хьалха къамелдеш, Кадыровс терриристийн, экстремистийн могIара бехира «Малхбузено ахча а латтош, нохчийн Iедал бехдешболу» бакъоларъярхой.

«Мемориалан» векал Титиев Аюб кхело набахте хьажжолц сатухур ду ша, амма цул тIаьхьа кхин Нохчийчохь Iан мегар дац бакъоларъярхошна, элира Кадыровс стохка аьхка. 180 грам кIомал карийна цуьнгахь, аьлла, набахте кхачийра Титиев.

«Мемориале» махкахь болх ца байта, наркотикаш кхийсина Титиевн машена чу, бохура бакъоларъярхоша а, адвокаташа а. Ша набахтехь хан текхна ваьлча, Титиев Аюба дIакъевлира Соьлж-ГIалара «Мемориалан» дакъа – «белхахошна кхераме ду махкахь», аьлла, ткъа ша дIавахара ваха Москва.

Кремло хIетахь а тидамза дитира Кадыровс аьлларг – цо бакъоларъярхошна Нохчийчохь болхбан доьхкуш аьллачун «контекс евзаш яц», элира Кремлан векало.

Къаьсттина ца тов Нохчийчуьрчу хьаькамаша маьршачу журналистийн болх. 2017-чу шеран юьххьехь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада шен «Инстаграмехь» жIаьлин вастехь гайтира хаамийн цхьа гIирс, яздира буха: «Муха даста деза «Кавказан Узел?».

«ЖIаьлех «Шведах» лаьцна бохура Даудовс: «дIаяккха еза цуьнан цхьа-ши «кхетаман» кIомсар, бараме балош, дIахадон беза мотт».

«Кавказан Узел» газетан коьртачу редактора Швед Григорийс Талламан комитете даьккхира Даудовс шена кхерамтасар. Кхеташ ду, ца дира тергал.

Каляпинна хаьа, муха жоп лур ду деношкахь Кадыровс нах хIаллакбан беза аьлла динчу къамелах лаьцна чуделлачу орзанна Талламан комитето.

"Москварчу Талламан комитетера жоп догIур ду, Кадыров паччхьалкхан лаккхарчу тIегIанара хьаькам вац, цо аьлларг талла охIла ю меттигера талламан комитетан урхалла, центрехь листа оьшуш хIума дац иза, аьлла», - боху Каляпина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG