ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Миллиард сов сом грант лур ю Нохчийчоьнна - Кадыров


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

1 миллиард 140 миллион сом барамехь грант лур ю Нохчийчоьнна, Iедалан органаша дика болх барна, хаам бина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен ВКонтакте йолчу агIонехь цо дIахьедар дина, Нохчийчоь юха а рейтинган лидер ю аьлла.

ХIинца Нохчийчоь хьалхаяьлла къоман проекташ кхочушъян республике хьажийна бюджетан ахча дайарехь, боху Кадыровс. Цо далочу терахьца, Лахьанан-бутт болалуш лаьрча, цхьацца программаш кхочушйеш Нохчийчохь дайина цу хьашташна хьажийначу финансех 77,4% ахча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG