ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Макияж ечу юкъанна …бусалбанашкарчу баланах


Китайрчу TikTok машане видео йиллина Азизи Ферозас. Ша цIоцкъамаш далош гойту кеп а лелош, цо дуьйцу пачхьалкхехь бусалбанаша ловчу гIелонех. И бакъдерг гайта долошшехь, дIакъевлира Ферозин аккаунт, амма хьовсархой къар ца белча, схьайиллина. TikTok – иза Китайра социалан маша бу, цо магадо хаамаш язбан а, йоцца аудио чухIотто а, онлайн-эфираш ян а. Нехан хаамаш луьттуш хьийзарна дуккхаза а емалйина наха TikTok. Махкахь уйгураша, казахаша, гIиргIазоша къизалла ловш хиларх, Iедало уьш Синьцзянерчу «кхетош-кхиочу лагершка» лоьхкуш хиларх дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн хьукматаша а, хаамийн гIирсаша а дийца даьккхина ду ши шо. Оцу, ма-дарра аьлча, набахтешкахь адамаша ловчу гIелонех лаьцна дуккха а дийцина. Пекино бакъ ца до «кхетош-кхиоран лагершкахь» къизалла лела бохург.

XS
SM
MD
LG