ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъан белхалошна герз тохарна бехктакхаман гIуллакх долийна ГIалгIайчохь


ГIалгIайчоь, Несаркорт
ГIалгIайчоь, Несаркорт

ГIалгIачохь бехктакхаман гIуллакх долийна Несаркоьртахь некъ тобан баьхкинчу белхалошна травматикан тапча еттарна. И бахьана долуш лазийна ву кхо стаг. Царах цхьаъ оьхьавиллина ву хIоспитале.

Бехктакхаман гIуллакх толлуш ду хуъушехь стаг лазор Iалашонца герз тохарна. Чоьхьарчу гIуллакхий министраллан ГIалгIайчуьрчу урхалло бинчу хаамца, талламхой къастош бу зуламхо мила ву а, иза волу меттиг мичахь ю а, яздо Кавказ.Реалиино.

Герз а тухуш, инцидент хиллера Лахьана-беттан 30-хь ГIалгайчуьрчу Несаркоьртахь "Кавказ" федералан некъ тобан баьхкинчу белхалошна а, цу трассица йолчу хIусамашкахь бехачу нахана а юкъахь.

Кавказ.Реалиино дийцарехь, цу наха некъ лаьцна хиллера цига белхалой ца буьтуш. Некъ тобан баьхкинчеран куьйгалхочо Астемиров Хьамзата, наха дуьхьало ярна, сацам бина хилла цигара дIаваха. Цул тIаьхьа дIасабовла буьйлабелла хилла царна дуьхьалбевлла нах а. Амма цу нахах цхьаммо сий доцуш багатоьхна Астемировга. Цул тIаьхьа хилла, тапча а тухуш, латар.

ТIаьххьара болчу хаамца, некъ тобаран белхаш юхадIаболийна Несаркоьртахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG