ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу нанна ши бер юхадерзор тIедожийна нохчочун Германерчу кхело


Читаев Рашид шен берашца. Маршо Радион архивера сурт
Читаев Рашид шен берашца. Маршо Радион архивера сурт

Москварчу 41 шо долчу Третьякова Татьянина юхаерзо еза цуьнан ши йоI - 8 шо долу Рената а, Руслана а, аьлла сацам бина Германерчу кхело, хаам бо "Оьрсийчоь тахана" телеканало. 2017-чу шарахь Татьянин хиллачу хусамдас Читаев Рашида къайлаха дIайигина хилла и шиъ Нохчийчу, ткъа кхушара Марсхьокху-баттахь цо дIахьажийна ши йоI Германе.

Оццу хенахь Оьрсийчохь дихкина хилла Рената а, Руслана а махкал араяккха, ткъа шена Читаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна хилла, бакъо а йоцуш, неха хIусамна чуваларна.

Оьрсийчоьнан яхархо суьде яьлла Германехь, шен кхиаза долу ши бер цIадерзадахьара аьлла. ГIуллакх листинчул тIаьхьа кхело ненан агIо лаьцна. Цо сацам бина, хIара шо чекхдалале бераш Оьрсийчу дIадала дезаш ду аьлла. Нагахь и сацам кхочуш ца бахь Читаевна 1 шо ах шо набахтехь даккха хан тоха мегаш ю, 25 эзар евро барамехь гIуда а токхуьйтуш.

Шен агIор Читаев шен баконаш къовсуш кхеле ваьла Соьлж-ГIалахь. Нохчийчохь и гIуллакх листа дезаш ду ГIуран-беттан 5-хь.

Читаев Рашидан а, цуьнан хиллачу зудчун Татьянин а юкъахь 5 бер ду. Германехь беха и доьзал дIасабаьлла. Бераш а эцна, зуда Москох дIаяхана. Цу хенахь дуьйна шен бераш ган бакъо яккха гIерташ лелла Читаев. Цо чIагIдарехь, бераш а эцна, сектех дIакхеттера цуьнан хилла хIусамнана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG