ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сан бераш а эцна, сектех дIакхетта сан хилла хIусамнана


Маршо Радион архивера сурт
Маршо Радион архивера сурт

Кху деношкахь Москох кхелехь цхьа ша-тайпа дов листина. Цо харц бина Гагаринан кIоштан кхело хьалхо бина сацам.

Керлачу сацамца ненаца дисина бераш лаам хилахь ган бакъо елла Германехь вехачу нохчочун Читаев Рашидана.

Читаев Рашидан а, цуьнан хиллачу зудчун Татьянин а юкъахь 5 бер ду. Германехь беха и доьзал дIасабаьлла. Бераш а эцна, зуда Москох дIаяхана.

Цу хенахь дуьйна шен бераш ган бакъо яккха гIерташ вара иза. Ши бер схьадаккхаделла цуьнга. Важа кхоъ хIинца а ненаца ду.

Иза мегар долуш хIума дара, кхьа хIуума дацахьара, бохуш ву Читаев. Цо дийцарехь, церан нана «Пятидесятники» олучу керста динан сектан юкъаяхана, цо ялочу хенахь иза бусалба динехь хиллехь а.

Читаев: «Цхьа а шеко яц уьш сектан юкъахь хилар. Iамеркера секта ю иза. Книгаш хилар сов, ас суьрташ а даьхна, хьайн доьзалах дIахада еза хьо бохуш, берийн ненан цIе а, сан а цIе а , берийн цIе а язйина кехатийн. 120 агIо ю язйина. Прокуратуре дIаделла ас, хьажал нана сектан юкъа яхна, бераш а дигна шеца, аьлла. Тергал дина дац кху 6 шарахь прокуратуро».

Iедалан белхахоша генадаьккхина могIарера дов боху Читаевс.

Читаев: «Ма дарра дийцича-м, могIарера доьзална юккъера дов ду иза. Амма Iедалша, кега а дина, гена а даьккхина, хIинца шайна луучу агIор нисде аьлла дIатесна. Сан йоккхах йолу йоI бIаьрса дика доцуш ю, могаш а яц иза. Суна ца гайтина цара иза ялх шарахь».

Масех де хьалха Москох кхело, шен агIо а лаьцна, сацам бинехь а, тахана а и бераш ган аьтто болуш вац Читаев. Бераш а эцна зуда къайлаяьлла, иза схьалаха гIерташ Iедалш ду аьлла а ца хета шена боху цо.

Читаев: «Кхело кIиранахь шозза суна ган йиш ю аьлла. Амма нана, уьш а эцна, къайлаяьлла. Iедал далича а, Iуналла деш берш балийча а карош яц иза. Иза мичахь ю хууш долчух тера ду царна".

Секте бераш дигарх лаьцна аьлча, иза баккъалла а йоккха проблема ю. Соьлж-ГIалахь болх бечу берийн психологана Медведева Натальяна боккха кхерам го муьлхха а секте кхаьчначу берийн могашаллана.

Медведева: «Иштта бераш сектан юккъедахча динах кхетар кхечу агIор хуьлу церан. Иштта кхетам лахло. Царна урхалла дало, де долуш ца хуьлу уьш, сингаттам а алсамболу, дера а хуьлу, тIейогIучу хенахь шаьш шайна тIе куьг дахьарна а кхерам бу. Цундела сектан юккъе бер дахьаро во тIаьхьалонаш йо церан сиинкхетаман».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG