ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

G7 саммиташкахь Оьрсийчоьно дакъалацарна дуьхьал резолюци тIеэцна Iамеркан Конгрессо


Iамеркан президент Трамп Доналд Францин Биаррицерчу G7 саммитехь
Iамеркан президент Трамп Доналд Францин Биаррицерчу G7 саммитехь

Iамеркан Конгрессан векаллин чоьно резолюци къобалйина Оьрсийчоьнна G7 саммиташкахь дакъалацар доьхкуш йолу, "Москвано луларчу пачхьалкхийн территорин цхьаалла а, демократин юкъараллийн стандарташ а ларралц".

Цу резолюцехьа кхаж тесна 339 конгрессмено, 71 дуьхьал хилла.

Оьрсийчоьнан "G7 тобанах дIакхета аьтто хир бу, цо Украинин территорешна, шайна юкъахь ГIирма а йолуш, оккупаци яр сацадахь а, дерриг а дуьнентIехь демократина Iиттарш яр дитахь а" аьлла ду цу документехь.

И резолюци гучуяларан бахьана ду Iамеркан президенто Трамп Доналда 2020-чу шарахь Iамеркехь хир йолчу G7 саммите Оьрсийчоьнан президент кхайкха дагахь ву ша бохуш дIахьедарш дар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG