ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн цIарах мидалш еш 4,5 миллион сом дойур ду Нохчийчоьнан Iедало


А.Кадыровн орден
А.Кадыровн орден

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарх 20 орден а, мидал а еш 4,6 миллион сом дойур ду Нохчийчуьрчу Iедало. Уьш дашо хир ю, бриллианташца а, рубинашца а, изумрудашца а кечйина а хир ю.

Цунах лаьцна хаам бо "МБХ медиа" зорбан гIирсо, Оьрсийчохь Iедалан цIарх цхьацца сурсташ оьцучу порталана тIе а тевжаш. Цу хаамца, "Кадыров Ахьмад-Хьаьжин безамна" 10 мидал йийр ю 750 проба йолчу дешех. Уьш кечйина хир ю 54 изумрудца, 18 бриллиантца а, 36 рубинца а.​

10 орден а йийр ю оццу дешех. Орденан йозалла хир ю 58 грамм.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG