ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь гIум-арехь байна зударий а, бераш а карийна Ал-Раи гIаларчу набахтехь


Шема, 2019 шо
Шема, 2019 шо

Шемахь байна зударий а, бераш а карийна Алеппона 70 гергга километр къилбаседехьа Туркойчоьнан дозанца Iуьллучу Ал-Раи гIаларчу набахтехь. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас.

Хьалхо хаамаш баьржинера шайн берашца цхьаьна 17 жима зуда яйна Шемарчу гIум-арехь аьлла, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Болчу хаамца, шаьш лоьхуш хилар хиина царах дIакъаьстина хилла цхьа зуда зIене яьлла хилла Саратоваца, шеца хилларш чубоьхкина бу Ал-Раи гIалахь аьлла. Уьш муьлхачу къомах бу хьахош дац.

Саратовас дийцарехь, зударий а, бераш а латточу набахтина Iуналла деш бу туркойн эскархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG