ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ельцинан гIаролхочо хаийтина Оьрсийчоь дийцарш дIадахьа реза хIунда ца хилира Нохчийчоьнца


Russia -- A Russian soldier guarding destroyed military equipment. April 4, 1995
Russia -- A Russian soldier guarding destroyed military equipment. April 4, 1995

Оьрсийчоьнан хьалхара президент Ельцин Борис Нохчийчоьнца дийцарш дIадахьа реза ца хилира, цигахь тIом болийча хIун хир ду бохучун ойла ян иза дукха тIаьхьа волаварна.

Цунах лаьцна дIахьедар дина цуьнан гIаролон хьаькам хиллачу Коржаков Александара, "URA.RU" хаамин агенталлан корреспондентана интервью луш.

Хьалхо хиинера Нохчийчохь хьалхара тIом болалуш Ельцин реза хIунда ца хилира йозуш йоцу пачхьалкх хилар дIакхийначу республикан куьйгалхочуьнга Дудаев ЖовхIаре телефон тоха. "ХIинца а хьалхе ду", - чIагIдеш хилла Оьрсийчоьнан хиллачу президенто.

"[ТIеман операци] дIайолийча дукха тIаьхьа дара къамелаш дан", - комментари йина Коржаковс Дудаевга телефон тоха Ельцин реза хIунда ца хилира бохучух кхетош.

25 шо хьалха ГIуран-беттан 11-чу дийнахь болабеллачу тIамехь къаьсттина дукха Оьрсийчоьнан эскархой байира 1994-чу шеран ГIура-баттахь дуьйна 1995-чу шеран Зазадоккху-батте кхаччалц Соьлж-ГIалин урамашкахь хиллачу тIемашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG