ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пентагонан шеко кхоллаелла, Ливехь шайн дрон чуяийтинарш Оьрсийчуьра йолах салтий хила мега аьлла


Ливехь шайн дрон чуяийтинарш Оьрсийчуьра тIеман йолах салти бу аьлла хета Пентагонна. Цунах лаьцна хаам бо Reuters агенталло, Африкерчу Iамеркан тIеман ницкъиййн буьйранчаллана тIе а тевжаш.

ТIехь пилот воцу хIаваэхула лела аппарат яйра Iамеркан армин Ливин коьртачу гIалана Триполина гергахь кхушара Лахьанан-беттан 21-чу дийнахь.

Iамеркан тIеман говзанчашна хетарехь, иза чуяийтина, Оьрсийчохь йинчу ракетийн комплексах пайда а оьцуш. Цунна урхалла деш хиллачух тера ду оьрсийн йолах салтий я и гIала гоне лаьцна лаьтташ болу Хафтар Халифа куьйгалла дон Ливин къоман армин салтий.

Африкерчу Iамеркан тIеман ницкъийн буьйранчаллан векало дийцарехь, Iамеркахой тешна бу, дрон чуяийтинчу нахана иза Пентагонан хилар хууш цахилла бохучух. Амма цунах йисина кийсакаш схьаяла а ца лаьа Хафтаран салташна, уьш мичахь ю ца хаьа шайна бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG