ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн 5 бер шайн деца а, ненаца а дита сацам бина Польшерчу кхело


Дани, Сондербург -- Школера дешар доьрзу де, 2017
Дани, Сондербург -- Школера дешар доьрзу де, 2017

Польшерчу кхело сацам бина Данехь нохчийн доьзалера дIадохуш хилла Оьрсийчуьра 5 бер деца а, а, ненаца а дита, дийцина журналисташка цу махкарчу адвокато Ханзадян Бабкена, хаам бо РИА Новости агенталло.

Адвокато дийцарехь, нохчийн доьзал дуккха а шераш хилла Данехь бехаш а, болх беш а болу. Адзиева Залинас а, цуьнан хIусамдас Домбаев Артура а кхиош хилла цу махкахь 5 бер.

2017-чу шарахь цу шинан дов даьлла хилла. Нанас кехат чуделла ша а, шен хIусамда а дIасакъаьсташ хиларх лаьцна. Кхушара аьхка Данин Iедалша сацам бира цу шинан 5 бер кхаба а, кхио а кхечу доьзалшка дIасадала, ден а, ненан а бакъонаш цу шиннера дIа а цайохуш.

Цунна реза ца хиллачу нохчийн доьзало сацам бинера Данера дIабаха. Нана гIоьртина хиллера Польшехула Нохчийчу кахча. Сихха юкъагIоьртинчу Данин Iедалша Шенгенан зонин хаамийн системина юкъатоьхна хилла нохчийн 5 бер, и бераш дайна долуш санна.

Адзиева лецира Польшин а, Белорусин а дозанехь Тересполь дозанан пунктехь, ткъа цуьнан бераш цхьацца доьзалшка дIасаделлера.

Адвокато къевсинера и сацам, ден а, ненан а бакъонаш меттахIиттор доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG