ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь офис схьайоьллур ю Оьрсийчохь болх бечу немцойн TUI Group компанино


Венгрера а, Литвара а, Германера а туристаш Нохчийчохь
Венгрера а, Литвара а, Германера а туристаш Нохчийчохь

Туризман сферехь Оьрсийчохь болх бечу уггар яккхийчерах йолчу Touristik Union International (TUI) немцойн компанино шен офис схьйоьллур ю Соьлж-ГIалахь. Цунах лаьцна хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Дийцарехь, Нохчийчуьрчу туризман министро Байтазиев Муслима цу хьокъехь барт бина TUI Group компанин Москох офисан махбаран директорца Наумова Ксенияца.

Наумова Ксенияс дийцина министре TUI шоръяла планаш хиларх лаьцна, Къилбаседа Кавказехь керла офисаш а йохкуш. Царна юкъахь ю Соьлж-ГIалара офис а, яздо "Нохчийчоь тахзана" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG