ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьабибан цIарах


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб


Ийначу кепехь латархочун Нурмагомедов Хьабибан цIе багара юьллуш яц цуьнан фанаташа. Гоьевллачу сайташ тIехь цуьнан сурт тIехь долу хIуманаш йоьхкина ца Iаш, цуьнан цIарах а цхьана пайдаоьцу, шаьш цхьаъ юхкучу заманчохь.

Мосвахь а, Красноярскехь а, Челябинскехь а цхьана масех бIеннашкахь йохкархоша холхазан куйнаш духку "Хьабибчух тера куй", "Хьабибан санна холхазан куй", "Хабибка", "Хобибка" (авторийн орфографи а, пунктуаци а ма-ярра йитина-редакци) бохуш.

Хьоле фантази хилла, масала, луларчу хIусамехь хьошалгIахь хуьлу Хьабиб аьлла, шен петар йохка сайте зорбане яьккхинчун. Бакъду, "Кавказ.Реалиин" корреспонденто телефон тоьхча, юхкучо ша бинарг бегаш бу элира.

"Нагахь санна, иза цу цIийне вогIуш хилча-м, петар механа кхин а еза хир яра", - аьлла, велавелла жимстаг.

Ишта интернетехь эца йиш ю Хьабибан статуэткаш а, цуьнан портреташ а, магниташ а.

"ХIокху суьрто Iаламат хазйийр ю латархойн клуб, я ша Iачу жимчу стеган хIусам", - аьлла, билгалдаьккхина йохкархочо.

Охьаяхка а ца кхуьуш дIаоьцу Хьабибан автографаш. Уггар а йорахниг эца таро ю 500 соьмах. Нурмагомедовс шен куьйга дина йоза духкучу цхьаболчара тоьшаллаш дойла ю шайн боху видеоца, и автограф билггал Хьабибан хиларх.

Хьабибан каранаш тIехь а са йоккху фанаташа (50 эзар сом), латархочун автограф тIехь йолу футбол ловзу буьрка а, масала, 1, 5 миллион соьмах. Эца йиш ю Хьабибан сурт тIехь долу нардаш а цхьана, цхьа миллион сом доьху царех.

250 соьмах фанаташна юхку "чIогIа" ручканаш. Ишта мах хадийна юхкучо шен ручканийн. "Хьабиба лелийна ручка ю хIара, - яздо цо. Аьтто бохьуш ю иза. Шекъа чекхдаьлча хийца а йиш ю, керланиг санна хир ю тIаккха.", - боху цо а.

"Нурмагомедов" брендаца 4 эзар соьмах духкуш ду латархочун каранаш. "Спаррингехь цкъа тIедоьхкина ду хIорш Хьабиба, ян чIагIо ю сан", - боху цхьаммо.

Iаьнан машенийн шинаш а цхьана йохка йолийна чемпионан цIе а йохуш. "Хьабиб санна ницъболуш ю хIара шинаш", - аьлла, яздина юхкучо.

Айфонаш тIе йохку беттанаш а, портмонеш а, ахчанаш а, октагонехь кеп-кепарчу ракурсашкахь лаьттачу Хьабибан суьрташ а ду духкуш. Цуьнан дегIехь дерг а эца таро ю 2,5 эзар соьмах.

Лерина тидам тIеузуш ду, ши цициг духкучун йоза. Хьаьрса а, Iаьржа а ши цициган кIорни ю шен боху, и шиъ дика лелор долчу хIусаме маьхза дIалур долуш. Цхьаннан цIе Хьабиб ю, вукхуьнан цIен цуьнан оппонентан Макгрегор Коноран ю боху авторо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG