ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан вахархочо герз тоьхна Краснодарерчу клубан хехочунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оршоьтан буьйса юкъал тIехъяллачу хенахь герз дуьйлура Краснодарерчу цхьана буса болхбечу клубна гергахь, яздина "Блокнот" портало.

Шахьаран полицино бинчу хаамца, 3.40 хан йолуш хаам кхаьчна, клубна хьалха герз кхуьйсуш цхьа жима стаг ву, аьлла. Юьйцучу метте дIаяхначу полицина хиина клуб ларъеш Iачу хехойх цхьанна герз тоьхнийла цара сакъера чу ца витинчу цхьамма. Хьалха цо клубехь девнаш даьхна хиларна, ца витина иза хехоша оцу буса клубе.

Бекхамбеш, жимчу стага юьхьанца тоьхча, ца кхетта герз хехочунна, амма иза клубера араваьлча, шозлагIа тоьхначу герзо лазийна иза.

Чов хилла хехо, кхетамчу ванза, дарбанцIийнехь ву. Герз тоьхнарг 28 шо долу Нохчийчоьнан вахархо ву, иза лаца кхайкхийна, боху полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG