ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха ларбийр бу гIалгIайн мотт?


Саутиева Зарина
Саутиева Зарина

Кху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Лидия Михальченко

ГIалгIайн адамийн бакъонаш ларъярхочо дуьйцу ненан мотт бийца йолчу бакъонах а, стен-боьршалла буха тIехь реза хиларех а

"Правовая инициатива" проектан белхахо Саутиева Зарина дуьххьарлера гIалгIа ю (2019 Minorities Fellowship Programme) Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшатохараллан адамийн бакъонашкахула лаккхарчу комиссаран Урхалло леррина этникан а, къоман а, лингвстикан а, динан а юкъараллашна хьажийна дIахьочу говзаллих юлучу программехь дакъалаьцна.

"Кавказ.Реалиина" интервью луш цо дийцира, бовш болчура кIелхьарбоккхуш муха ларбийр бу гIалгIайн мотт бохучух.

Зарина, (Швейцарерчу Женевехь) Къаьмнийн гIала-хIусамехь хиллачу программа дIаерзоран форумехь гIалгIайн къоман духар доьхна яра хьо. ХIунда?

– Хьайн къамелана алсам тидам тIебахийта, гIоле ду къоман духар доьхна хилар. Ас леррина тегийтинера гIабли. Массера а тидам тIебоьдура цунна, соьга хеттара мичара ю иза, хIун символ ю цуьнан, бохуш. Цо аьтто бира сан дуккха а нахана ГIалгIайчоьнах лаьцна дийца. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшатохараллехь волчу Оьрсийчоьнан векало а элира, цу кучо битам бина шена аьлла.

Стенах лаьцна дара ахь дина къамел, муха тIеийцира иза?

– Соьга хьалххе хаам бинера гочдар дIоггара кхачам болуш ца хила мега аьлла, цундела ингалсан маттахь дира ас къамел. Цул сов, сан йистхилар маситтоза тIаьхьатеттинера, ткъа со дог этӀаш яра.

Амма эххаре а сан дийца аьтто белира къаьмнийн меттанаш школехь Iамор декхарелахь цахиларх лаьцна Оьрсийчохь дешаран низаман тIехь бина хийцамаш юхабаха безаш хиларх лаьцна.

Суна хаьа къаьмнийн республикашкахь дуккха а нах ненан мотт Iаморах юхабевлла хиларх лаьцна, ГIебартойн-Балкхаройчохь и терахь ду 2000 гергга. Башкирехь динна школаш ю ненан мотт Iамор дитина.

ГIалгIайчохь хьал гIоле ду, амма Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн дешаран а, Iилманан а, културан а вовшахтохааралло (UNESCO) итт шо хьалха юкъатоьхна гIалгIайн мотт довш лаьттчу меттанийн тептарна. И кхерам лаьтташ бу хIинца а. Вовше гIалгIайн мотт буьйцуш хIора кхо дош аьлча цхьа оьрсийн дош юкъатуху оха.

Бераша а, кегийрхоша а гIалгIайн маттахь книгаш ешар доццучу новкъахь ду я ешча а уьш цакхета яздинчух. Цхьаъ бен доцу гIалгIайн маттахь арадолу газет хIинц-хIинца дIакъовла бохучу хьолехь ду. Ненан меттанаш ларбан концепци оьшу.

Ас хьахийра гIалгIайн меттан дешаран книжкаш ца тоьу Пригородни кIошт. Къамел деш ас иштта хьахийра репрессеш лайначу халкъашна реабилитаци яран низам буьззинчу барамехь кхочуш дан дезаш хилар.

– ​Ахь дуьйцург хезар долуш хьал дуй?

– Тхан рекомендацеш дIайохьуйту Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшатохараллан адамийн бакъонашкахула лаккхарчу комиссаран Урхаллехула, ткъа жимачу къаьмнашца доьзна хаттаршкахула волчу лерринчу докладхочо шеран жамI деш кехат кечдо.

Оха кховдийнарш дIасадохуьйту Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшатохараллан декъашхой йолчу пачхьалкхашка. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан хаам бан дезар ду ша цу хьокъехь бинчу балхах лаьцна дуьйцуш.

Жимачу къаьмнийн меттанашца йоьзна проблема карарчу хенахь мехала хIунда лору ахь?

– Жима къаьмнаш цхьайолчу пачхьалкхаша шайн кхераме долуш санна тIеоьцу. Ас билгалдаьккхира тхо Оьрсийчоьнна кхераме доцуш, накъостий хилар. Оха къуьйсурш тхайн бакъонаш ю, Конституцино тхуна луш йолу. Кху дуьнентIехь хIора баттахь дIабовш бу ши мотт. Нагахь тхан мотт бахь тхо а гучура дIадевр ду, гIалгIай санна доцуш, тхо дIасадаьржар ду. Дуккха а къаьмнаш дайна дӀадовлуш ду Оьрсийчохь.

Муха тIеийцира хьан къамел даймахкахь?

– ГIалгIаша тайп-тайпана къамелаш дора. ГIортор еш дуккха а комментареш яра. Амма таӀзар хилира суна со зуда хиларна, "гIалгIайн цIарах цигахь зуда хIунда яра, божарий ца бисина вай? Йовлакх тиллина хIунда яц иза", бохуш яздора. Критика тоам болуш яра.

– ГIалгIайчохь лору ненан мотт. ХIун дон иза ларбан беза аьлла цунна гIо дан ойла айелла даггара гӀертачара?

– Евзаш йолу мультфильмаш гIалгIайн матте йоху, масала. Цул сов "Эздел" центран бух тIехь клуб яра гIалгIайн меттан. Цигахь гIалгIайн мотт бен кхин мотт ца бийцара. Оьрсийн маттахь цхьа дош аьлча гIуда тохара, иштта со кхийтира мел хала ду цIенна ненан мотт бийца.

Нах латкъамаш беш хуьлу, мотт аттачу баккха беза, дешнаш ала дайдан деза бохуш. Вевзачу яздархочо Кодзоев Iийсас а бохура маттана реформа оьшу. Цунна тIетевжаш бу дуккха а. Цу кепара мукъане а аьтто хир бац-те мотт ларбан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG