ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелхина Москвахь мэр лаьттина Лужков Юрий


Москва,1993 шо. Ельцин Борис а, Лужков Юрий а.
Москва,1993 шо. Ельцин Борис а, Лужков Юрий а.

Мюнхенерчу дарбан хIусамехь дагна операци йиначул тIаьхьа велла 83 шо долу политик Лужков Юрий, хаамбо "Интерфакс" а, РИА "Новости" а агенталлаша.

Даима а Москвахь ваьхна волчу цо белхаш бина цигарчу цхьацца урхаллашкахь. Москварчу мэрин коьрте хIоттийра иза президента Ельцин Бориса шен омрица 1992-чу шарахь. Оцу даржехь Iийра 2010-гIа шо тIекхаччалц. Оцу даржера дiаваьккхира хiетахь президент лаьттинчу Медведев Дмитрийца дов даьлча.

Лужковс куьйгалла дечу муьрехь цунна критика йора оппозицица иза шога хиларна, шахьарахь вуно боккхачу барамехь коррупци яржарна. Цуьнан гонерчу дукха нахах хилира уггаре дукха ахчанаш долу совдегарш. Оьрсийчохь дукха хенахь дуьйна массарел а боккха бахам болу зуда ларало Лужковн зуда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG