ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу министро иэс дицде боху гIалгIашка



Материалан автор Акиев Тимур

Дахначу кIиранчохь жигара вийцаваьккхинера ГIалгIайчоьнан арахьарчу зIенийн а, къоман политикан а министраллан керла урхалхо, яздо "Эхо Кавказа" хьостано. Бахархой эргIадбахийтар дара, керла хьаькам махкарчу имамашна тIеIаткъамбан а, гIалгIайн историн эсехь хийцамаш бан а дагахь ву аьлла, яьржина информаци.

Республикан кIошташкарчу имамашца кху беттан 2-чу дийнахь дIаяьхьначу муфтиятан рогIерчу кхеташонехь Iеламчаша резабоцуш жамI дира гIалгIайн арахьарчу зIенийн а, къоман политикан а министран Волков Руслана бечу белхан. Iеламнахана новкъадена, хьаькамо цхьаццаболчу имамашца динан хьокъехь динчу къамелашна.

Муфтият цкъа а юкъа гIиртина яц политикана, нагахь санна, Iедал емалдахь а, коррупци лелочу хьаькамаша хьийзочу могIарерчу бахархошна тIехIуттуш, церан бакъонаш Iалашъян лаамца дара аьлла, дIахьедина кхеташо йолийначу мехкан муфтийс Мартазанов Iабдурохьман-хьаьжас.

Цо дехар дина карарчу хенахь Iедалан коьртехь болчаьрга, уггар а хьалха, мискачу халкъан интересаш ларъяр, шарIан низамаш а ца дохош, пачхьалкхера догIу рицкъ адамашна дIакхачор а. Ишта муфтийс дIакхайкхийна, тахана къаьмнийн гIуллакхийн министр санна, динан дайша бечу балхана Iедалан юкъагIерта гIуллакх дац аьлла.

Мартазановс дийцарехь, министраллехь алапа оьцучу масех имамца къамел хилла урхаллан куьйгалхочун. Царна хьехарш дан гIоьртина министр, адамашна бечу хьехамашкахь стенах лаьцна, муха, хIун дийца деза хоуьйтуш.

Министран белхан декхаршца догIуш дац имамашна рекомендацеш ялар аьлла бу муфтийн хьажам. Кхин дIа дош кхаьчначу Карабулакан имамо Бекбузаров Исраила аьлла, Волков Руслана къамел динчу имамашлахь ша а вара аьлла. Цо а чIагIдо, маьждигашкахь "нийса" дийца дезачух хьехарш дира шайна бохуш.

1992-чу шеран гурахь, бIеннашкахь нах бойуш, масех эзар йийсаре а лоцуш, 190 сов стаг тIепаза вовш хилла гIалгIайн-хIирийн конфликт йицъян еза бохуш, нах тешо беза аш аьлла хилла Волковс. ХIинца а дуккхаъ а гIалгIай бу шайн дай баьхначу меттигашка берза йиш йоцуш.

Республикан бахархой меттахбехира хьем ца беш оцу ситуацино. Юкъаралхочунна, бакъонашларъярхочунна Муцольгов Мохьмадна хетарехь, имамаш тIеберзон гIертар - гIалгIашна дуьхьал йолийначу политикан рогIера чIуг ю.

"Дикая дивизия" клуб вовшахтоьхначу Богатырев Мохьмада хьоьху министрна Волковна, шен эксперименташ кхочушъян кхин регион къастор. ГIалгIашна цкъа а йицлур яц шайн истори аьлла цо.

ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташоно дахначу еаридийнахь сихонца бинчу кхайкхамехь йовзийтира оцу хьокъехь республикан бахархойн йолу дог-ойла. Леррина къоман политикан министре бина бара и кхайкхам. Мехкан телевизионехула хьайн позици йовзуьйтуш вистхила аьлла, тIедожийна Волков Русланна къаноша.

Нагахь санна, бахархошна хIирийн-гIалгIайн конфликт йицъян а еза, Пригородный кIошт юхаерзае бохучуьра а совца беза аьлла, цунна хетахь, маса дарж охьадиллар хьоьху министрна къаноша, хIунда аьлча, цо юьхьарэцна некъ ГIалгIайчоьнан Конституцица а, масех низамаш дохучу актца а, уггар а коьрта, репрессеш йинчу къаьмнашна реабилитаци ярх долчу низамца а догIуш доцу дела.

Дийцадаьккхинчу хаттарх цхьа а комментари яц гIалгIайн арахьарчу зIенийн, къоман политикан министраллан сайтехь. Карор бац шуна сайт тIехь ишта ГIалгIайчуьрчу юкъараллан синтем байинчу хьаькамах лаьцна информаци а.

Тийна Iаш ву, шел хаьлха хиллачу куьйгалхочун оппоненташца цхьана а кепара къамел дIа ца доьду мехкан урхалхо Калиматов Махьмуд-Iела а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG