Немцойн талламчашна хетарехь, нохчо Хангошвили Зеламха вийнарг ша цхьаъ хилла хуьлийла дац – лаххара а, бухахь, Берлинехь, веха цхьа гIоьнча эшна хила веза цунна. Ишта бу Германин бундестаган чоьхьарчу гIуллакхийн комитето, Федералан прокуратурин векал декъахь а волуш, къевлинчу хьелашкахь дIаяьхьначу кхеташонехь бовзийтина хьажам, хаам бо Deutsche Welle телегойтийло.
Дойче Прессе-Агентур агенталлица къамел динчу хьостано бахарехь, Варшавера Берлине киллер веана ша зулам дале де хьалха, ткъа оццул сиха цунна шенна карйойла дац Хангошвили веха меттиг, хаа йиш яц иза стенга, маца воьду, кхуьийла дац, ша иза вийна ваьлча, муха къайлавер ву билгалдаккха.
Цкъачунна хууш дац, хьан елла киллере цо Хангошвилина йиттина йолу Glock 26 тапча. Талламехь йолчу информацица, Москвара Марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь Париже вахана киллер, цигара – Варшаве.
Марсхьокху-беттан 23-чохь вийра Гуьржийчуьра нохчо, паьнгазхо Хангошвили Зеламха. Нохчийчуьрчу «ШолгIачу» тIамехь Оьрсийчоьнца лиэтачу цхьана декъан коьртехь лаьттина иза. Киллер лаьцна немцоша цо зулам динччу сахьтехь. «Соколов Вадимна» делла арахьара паспорт карийна цуьнгахь, амма тIаьхьо гучудаьлла журналисташна и паспорт харц хIорттийна хилар а, киллеран бакъ цIе Красиков Вадим юйла а, иза ФСБ-н «Вымпел» олучу декъехь болхбина хилар а.
Зуламан хотIо, иза пачхьалкхо дина хилар гайтарца доьзна, таллам полицин кара а боккхуш, шега дIаэцна Германин Федералан прокуратуро.
Президента Путина бакъ ца до Хангошвили Оьрсийчоьнан къайлахчу ницкъаша вийна хилар. Оьрсийчоьно дуккхаза а дийхира Германига Хангошвилина экстрадици яр, амма немцой «ца кхийтира» шайх, аьлла цо.
Амма Германин Iедалан векало Зайберт Штеффена кху кхаарийдийнахь жоп делла Путинна, шайга «ца кхьчна экстрадици яр доьхуш цхьа а кехат», аьлла.
Хьалхо Берлинера цIахьажош, «персона нон-грата» кхайкхийра Кремлан шина дипломатна. Цунна дуьхьал немцойн ши дипломат дIахьажо сацам бина кхаарийдийнахь Оьрсийчоьно а.