ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КадыровгIеран бахамаш гайтинчу Нухановн зудчуьнга оьрсийн националисташа: «Славянийн сийна бIаьргаш болу цIий доьхкина ахь»


Соьлж-ГIалахь Кадыровн а, цуьнан гонан а бахамаш YouTube-хула гайтарна байначу беттан хьалхарчу дийнахь Нохчийчохь лаьцначу Нуханов Исламан зудчунна, Кагалым гIалахь ехачу Мельник Еленина, кхерамаш туьйсу оьрсийн националисташа.

Маршо Радионо довзийтира, муха, хIун нисделла Нухановца цо «Муха веха Кадыров Рамзан а, цуьнан нийсархой а» цIейолу видео арахецча. Мехкан шахьарна юккъехь, массо а агIор хано лар а еш, лаьтта кадыровгIеран «Хьаьжи-Эвл» йовзийта воьллачу Нухановна йиттина, лаьцна полице а вигина. Дов айдина цунна, кисанахь ши патарма карийна аьлла. («Патармаш кисанахь а дохкуш» вахана иза полице, ша цига тIекхайкхича!)

Социалан машанашкахула баьржина Нухановца нисбелла бохам, хиина оьрсийн националисташна цуьнан зуда оьрси юйла. "ВКонтакте" чохь йолчу Мельник Еленин аккаунто къайлахьо агIо хьенан ю – делахь а, ник евзина царна, кхерамаш туьйсу Еленина.

«Бахьана ду Лена шен майра кIелхьарваккха гIерташ хьийзар, иза оьрси ю, стенна лоьцу цо нохчочун агIо, боху кхерамаш туьйсучара, бехкейо зуда нохчочуьнга мареяхарна, цунна бер дарна», - яздо хиламах лаьцна "Новая газетан" журналисто.

Мельник санначу зударша «оьрсийн къам кхачадо, цо славянийн сийна бIаьргаш болу цIий доьхкина цо», - боху «оьрсийн Iадаташ лардеш бакъ-керста дай-дедай бIешерашкахь эгначу» националисташа.

Дийцарехь, цхьана буса кхаьчна Еленига 100 сов и тайпа комментареш. Интернетехь цунна кхерамаш тийсарца а ца дирзина «дов» - кхаарийн Iуьйранна, 5 сахьт даьлча, Нухановн зуда шен шина бераца, Владикца а, Адамца а, чохь ехачу юкъарчу хIусамийн кор дохийна, арара чу тIулг тоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG