ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

5,4 млрд сом охьадилла боху кхелаша тоьках ахча дIа ца далалуш бисинчу кавказхошка


46 эзар сов стаг ву «Къилбаседа Кавказерчу Россети» (серло латточу хьукматна) ягочу тоьках декхаревахана. Цуьнан юристаша кхеле белла и нах, цара 8,6 миллиард сом тIехьарчорна.

Кхелаш бакъян лараелла цкъачунна 27 зар абоненташка йолу претензеш. Кху ханна церан сацамашца бахархоша охьадилла деза серло латточу организацешна 5,4 млрд сом.

Ягочу энергех ахча дIа ца луш бисина Къилбаседа Кавказехь вуно дукха хIусамийн-коммуналан бахамаш. Деккъа цара тоьках тIехьарчийнарг ду 11,5 миллиард сом.

Республикашлахь мас1арел а дукха тIехь декхар дерг Дагестан ю.

"Дагестанерчу энеги юхкучу компанина» бахархоша а, организацеша дIадалаза дуьсуш ду 10,8 миллиард сом. Бахархошкара догIу оцу ахчанах 5,4 миллиард», - хаамбира "Кавказ.Реалиига" юьйцучу Дагестанерчу компанин векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG