ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со къамел цуьнца деш вацара, президентца вара". Сокуровс жоп делла Кадыровс аьллачунна


КадыровгIарна Оьрсийчоьнан турпалхойн цIе яларх лаьцна ша аьллачунна резавоцчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун претензешна комментари йина режиссера Сокуров Александра.

«Дождь» («ДогIа») телеканалан журналисто хаьттира Сокуровга, хIун аьлла хета цунна Кадыровн реакцех, цо ша националист ву бахарх, аьлла.

"ХIумма а ца хета, хIунда аьлча, со цуьнга луьйш вацара, иза ас президентца дина къамел дара», - жоп делира Сокуровс. Шена президентан реакци йовза лаьа, Кадыровна хетарг дац шена хаа луург, тIе а тухуш.

"Националист ала йиш ю шех, шен доьзалх, шен халкъах, шен синбахамех ойлаеш мел волчу стагах. Иза баккъал а ю дика термин. Галбаьллачу кхетамо-м дахьа а тарло ас аьлларг ночхийн къоманна тIе, соьгахь боккха лазам бу оцу халкъан кхолламца боьзна. Цунах тахана хуьлуш лаьттачух», - дIахьедина режиссеро.

Ша баккъал а хала лов «стенгара схьабевлла хууш а боцчу нахера Iовдалалла, кхетамца уьш тIаьхьабисина хилар – къона синош хIаллакдо оцо», - аьлла Сокуровс.

Хьалхо Маршо Радионо дийцира, Путин веана а волуш, цуьнан гонерчу бакъоларъярхойн кхеташонехь Сокуров Александра президенте дина хаттар а, цунна делла жоп а. КадыровгIарна – Ахьмадна а, иза Нохчийчоьнан куьйгаллехь хийцинчу Рамзанна а – елла Оьрсийчоьнан турпалхойн цIерш юхаяха езара, Сакуровс аьлча, деллачу жоьпехь Путина хаийтира ша КадыровгIаьргахьа хилар.

Цул тIаьхьа, Сакуровс аьлларг шех дIакхетча, Сокуровх «националист» вира Кадыровс, цоуьнгара «низамо ма-бохху жоп деха деза» а олуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG